Къудс-ГӀала
Гергарчу Малхбалера гӀала, ИбрахӀиман динийн йеза гӀала / From Wikipedia, the free encyclopedia
Къудс-ГӀала[4], Урусалим, Урушалим (Ӏебар. ירושלים Йерушала́(й)им (audio) (хаам), Ӏаьр. القدس аль-Къудс — أورشليم Ӯршалӣм; — أورشليم القدس, Ӯршалӣм-аль-К̣ъудс (audio) (хаам)) — иза Гергарчу Малхбалера, Палестинан историн дIалаьцначу (оккупаци йинчу) гIаланех уггар йоккха гIала йу. Къаьсттина динан а, экономикин а агӀор лараме лоруш йу иза. Жуьгтийн лаьмнашкахь акъари (плато) тӀехь дӀанисйина йу иза, Лаьттайуккъерчу а, Беллачу а хӀорданийн хидоькъехь (хи декъадаларехь) хи хӀоттарал локхалла 650—840 метр а йолуш. Цуьнан климат лаьттайуккъерахӀордан йу, йовха, йекъа аьхке а йолуш, кӀеда, тӀуьна Ӏа а долуш. Иза дуьненан даккхийчу ИбрахӀиман динийн йеза, сийлахь гӀала лоруш йу — исламан а, жуьгталлин а, насараллин а. Урусалиман бахархойн дукхалла (гӀалин йисташ а йоцуш) 2020-чу шар лерича — 936 425 адам ду.
ГӀала | |||||
Къудс-ГӀала | |||||
---|---|---|---|---|---|
Ӏебар. ירושלים (Йерушала́(й)им) Ӏаьр. القدس (аль-Къудс) | |||||
|
|||||
31°47′ къ. ш. 35°14′ м. д.HGЯO | |||||
Пачхьалкх | Исраил | ||||
Истори а, географи а | |||||
Йиллина | 4-гӀа эзар шо в. э. хьалха | ||||
Хьалхара цӀерш |
Шалем, Иевус, Сион (Цион), Ир Давид (Град Давида) Элия Капитолина Аль-Кудс |
||||
Майда | 125.156[1] км² | ||||
Центран локхалла | 754 метр | ||||
Сахьтан аса | UTC+2:00[d] | ||||
Бахархой | |||||
Бахархой | |||||
Идентификаторан терахьаш | |||||
Телефонан код | +972 2 | ||||
Поштан индекс | 91000–91999[3] | ||||
jerusalem.muni.il (жуьгт.)(ингалс.)(Ӏаьр.) |
|||||
Картин тӀехь | |||||