Ӏаьрбийн мотт
ӏаьрбоша буьйцуш болу самхойн мотт / From Wikipedia, the free encyclopedia
Ӏаьрбийн мотт (Ӏаьр. اللغة العربية, al-luġa al-ʿarabiyya) — йукъабоьдуш бу афразийн меттан тайпан семитийн генан йукъа. Ӏаьрбийн мотт буьйцуш берш 240 млн гергга стаг ву[2] (ненан мотт), кхиъ 50 млн стага лелош бу Ӏаьрбийн мотт шозлагӀа мотт санна. Классикан Ӏаьрбийн мотт Къуръанан мотт бу. Иза лелош бу динан гӀуллакхан. Дуьненахь 1,57 млрд стаг ву бусалба[3].
Ӏаьрбийн мотт | |
---|---|
Шен цӀе: | العربية |
Пачхьалкхаш: |
Кеп:Байракх/АлжирАлжир
Судан
Чад |
Регионаш: | Ӏаьрбийн пачхьалкхаш |
Официалан мотт: |
Кеп:Байракх/Алжир Алжир |
Нисдеш организаци: |
Мароккон Паччахьан Академи (Марокко),
|
Мотт буьйцурш: | 260 - 323 млн. |
Рейтинг: | 2 |
Статус | кхерамзаллехь[d][1] |
Классификаци | |
Категори: | Евразин мотт |
Афразийская макросемья
|
|
Йоза: | Ӏаьрбийн йоза |
Меттан кодаш | |
ISO 639-1 | ar |
ISO 639-2 | ara |
ISO 639-3 | ara |
Ethnologue | ara |
Linguasphere | 12-AAC |
ABS ASCL | 4202 |
IETF | ar |
Glottolog | arab1395 |
ХӀокху маттахь Википеди |
Йоза Iаьрбийн абатан бух тӀехь ду. ВКЪКХ Инарлин ассамблейн а, Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхолламан (ВКЪКХ) кхечу меженийн а йалханнах официалан а, белхан а цхьаъ мотт бу. Йерриг Ӏаьрбийн пачхьалкхийн (Iиракъехь — кхурдойчуьнца цхьаьна) официалан мотт бу. Цул сов, официалан цхьа мотт бу Исраилан, Чадан, Эритрейн, Джибутин, Сомалилендан[4], Сомалин, Коморийн ГӀайренийн.