Ислам
дела цхьаъ веш долу ИбрахӀиман дин / From Wikipedia, the free encyclopedia
Исла́м (Ӏаьр. ُالْإِسْلَام — «Далла муьтӀахьхилар») — иза Дела цхьаъвеш долу стигалан ИбрахӀиман дин ду. Ислам динехь Дела цхьаъ бен вац — иза АллахӀ ву, ткъа Цуьнан тӀаьххьара элча — Мухьаммад ву. Оцу динна тӀаьхьахӀиттиначарах бусалбанаш (Ӏаьр. مُسلِمُون, [муслимун]) олу. АгӀончийн дукхалла — 1,9 млрд гергга адам ду, 2022 шарахь лерича, дуьненан 125 сов пачхьалкхехь дехаш долу[1]. Дуьненан 28 махкахь ислам пачхьалкхан йа официалан дин лоруш ду. Дукхаха болу бусалбанаш (85—90 %) суннатхой бу, биснарш — шиӀаш а, ибадхой а бу. Иштта мазхӀабашка а бекъало.
Ислам | |
---|---|
Ӏаьр. الإسلام | |
Кхин цӀераш: | Хьанифалла |
Динан доьзал: | ИбрахӀиман динаш |
Жайна: | Къуръан |
Диллинарг: | ИбрахӀим (тӀаьхьабазарца), Мухьаммад |
Мехкаш: | 125 сов пачхьалкх |
Декъашхойн дукхалла: | 1,9 млрд гергга |
Куьйгалхо: |
хӀинцалерчу хенахь: вац хьалхара халиф: Абу Бакр ас-Сиддикъ (632) тӀаьххьара халиф: Ӏабдул-Мажид ас-Сани (1924) |
МостагӀий: | керстанах |
Ислам дино хьоьху АллахӀ — Къинхетамбийриг а, доллучунна Ницкъкхочуш а, Цхьаъ а ву аьлла. Цо адамаш нийсачу новкъадаьхна пайхамаршкахула а, элчанашкахула а, Сийлахьчу Жайнашкахула а, билгалонашкахула (аяташкахула) а. Исламехь динехь коьрта лоруш долу жайна — Къуръан ду, Дала Мухьаммаде ﷺ ша доссийна долу 23 шарахь Маккахь а, Мадинатехь а[2]. Бусалбанаш цуьнга хьожу иза ма-дарра Делан дош ду аьлла, гӀалатех лардина а долуш, иштта Ӏилманашка а, гӀиллакхан масалшка (суннате) а, Мухьаммад пайхамарца ﷺ къаьсттина долу хьадисаш чулоцуш долчу. Бусалбанаш тешаш бу ислам дино, шел хьалха бахкийтинчу пайхамаршка масийттаза доссийна, дела цхьаъваран Ӏакъидат (динах тешар) кхоччуш чулоцу аьлла, Адаме санна, Нухье а, ИбрахӀиме а, ЯӀкъубе а, Юсуфе а, Мусага а, Давуде а, Сулаймане а, Юнусе а, Ӏийсага а[3]. Исламан йеза меттигаш (гӀаланаш) йу: Макка а, Мадийнат а, Къудс-ГӀала (Урусалим) а.