ГӀезалой
From Wikipedia, the free encyclopedia
ГӀезалой (шайха олу — гӀез. татарлар, tatarlar) — тюркийн къам[30] Россехь а, советийн хилла аренашкара мехкашкара, уггаре доккха бухара доцу къам, ареал: Российн Европин дакъа, коьртаниг Ийдалйист а, Уралйист а, кхин а Сибрех, Кхазакхстан, Йуккъера Ази, СУАР, ГӀирма, Генара Малхбале, Финлянди, Литва.
ГӀезалой | |
---|---|
Шен цӀе | гӀез. татарлар |
Дукхалла а, ареал а | |
Дукхалла |
|
Росси:
1000 (2010)[2] Кхазакхстан: 200 545 (2020)[4]
Туркмени: 62 000[7]
Азербайджан: 25 900 (2009)
Туркойчоь: 28 000[7] |
|
Хаам | |
Мотт | гӀезалойн, оьрсийн |
Дин | дукхаха берш ислам суннийн некъан (хьанафийн мазхаб), кхин а цхьа дакъа православи[21] |
Йукъабоьду | тюркийн къаьмнаш |
Гергара къаьмнаш | башкираш, ногӀий, чувашаш, гӀирмин гӀезалой[22][23] |
Этносин тобанаш | казанан гӀезалой, гӀезалой-мишари, кряшенаш, аштаркхнен гӀезалой, сибрехан гӀезалой, касимовра гӀезалой,[24] липкаш[25] нагӀайбакаш, тептяриш. |
Схьабалар | булгараш, кыпчакаш, хазараш[26][27][28], буртасаш, цхьаццанхьа финнийн-угриш[29] |
Медиафайлаш Викилармехь |
Россера барам бу 4 713 669 стаг ( 2021 шеран бахархой багарбаран жамӀашца)[31]. 1989 – 2002 шерийн муьрехь гӀезалойн барам тӀекхийтира 5,52 тӀера 5,53 миллион стаган тӀекхаччалц[32]. 2002 шерера 2010 шо кхаччалц болчу муьрехь гӀезалойн барам охьабелира 244 эзар ст. йа 4 % берриг гӀезалойх, амма гӀезалойн дакъа берриг бахархойх буьстича бисира 2002 шеран тӀегӀанехь[33]. Шайн барамца гӀезалой шолгӀа къам ду Российн Федерацехь, оьрсий дӀабевлча. Бекъало кхаа коьрта этномехкан тобанашка: ийдалан-уралан, аштаркхнен, сибрехан[34][35]. Республика ГӀезалойчохь гӀезалой бахархойх ах сов (2010 шарахь бахархой багарбарца 53,2 % йа 2 млн сов стаг) бу, ткъа Республика Башкортостанехь бахархойн доьлгӀа декъал сов (2010 шеран бахархой багарбарца 25,4 % йа 1 млн ст. сов).
ГӀезалойн мотт алтайн доьзалера Тюркийн тобанан кыпчакийн бухара тобанера мотт бу, бекъало кхаа меттан генне: мишарин (малхбузен), казанан (йуккъера),и сибрехан (малхбален).
Динаца коьртаниг бусалбанаш-суннийш бу, кхин а йу жима православинчеран тоба (кряшенаш)[21].