Дин
From Wikipedia, the free encyclopedia
Дин — иманах доьзна хьажаран билгала система, цунна чудогӀу гӀиллакх, леларан тайпа, Ӏадаташ, Далла гӀуллакх дар, адамаш тобанашка цхьаьнатохар (Килс, уммат, сангха, динан йукъаралла)[1].
Динан кхин билгалонаш:
- тешар арахьара хьаьркашца лелор[2];
- Далла барт болуш гӀуллакх дар. Дин Дела хиларх тешар хилла ца Ӏа, цуо хӀоттайо Делаца йолу йукъаметтиг[3];
- синмехаллин формаци, ша тайпана адаман а, дуьненна а, ша шена а йукъара йукъаметтиг[4];
- Адаман тӀехула лаьтта, лакхара хӀоттийна низамах тешаран адамийн норманийн а, мехаллийн а система[5]:256.
Кхин а «дин» термин кхетадо ишттачу маьӀнехь, масала субъективан-стогаллин («тешар», «диналла») а, объективан-йукъара а (дин институцин хиламан хьокъехь — «дин лелор», «Делан лерам бар», «конфессеш»)[6].
Дуьне (Дуьне гар) гаран динан система тӀетевжина динан иманна, уьйр йу адаман а, адаман тӀехулара а синмехаллин йукъаметтигца[7], сверхчеловеческой реальности, о которой человек что-то знает, и на которую он ориентирует свою жизнь[8]. Иман чӀагӀдан таро йу динан зиеделлачуьнца.
Динан башха ладаме бу дика а, вон а, оьздангалла, дахаран Ӏалашо кхетамаш.
Дукхаха долчу дуьненан динийн бух дӀайазбина адамаша сийлахьчу йозанашкахь, уьш, Делах тешачара кхеторехь, Далла ша схьадешна йа чудиллина, йа хӀора билггалчу динан лакхара синан хьоле каьчна адамаша йаздина, башха серлабевлла йа хууш болчу сийлахь-баккхий хьехархоша, эвлайааша.
Дукхаха долчу динан йукъараллашкахь къаьстина меттиг дӀалоцу динан дайша (динан культан гӀуллакххой[9]).
Дукхаха долчу мехкашкахь алсама йолу дог-ойла дин ду, хаьттинчарех алсама болчара ша цхьаьна динехь хилар хоуьйтура[10][11].