Азербайджан
From Wikipedia, the free encyclopedia
Азербайджа́н (азерб. Azərbaycan), официалан цIе — Азербайджа́нийн Респу́блика[1] (азерб. Azərbaycan Respublikası) — пачхьалкх лаьтта Чоьхьарчу Кавказан малхбален декъехь Каспий-хӀордан йисттехь[* 1], йукъайогIу Хьалхарчу Азин а, Гергарчу Малхбален а, ткъа иштта, цхьацца хьосташца, цхьана декъехь Малхбален Европин а[* 2]. Бахархой, 2013 шеран январехь мах хадорца, 9 миллион сов стаг ву[14], мехкан майда — 86 600 км²[15], оцу шинне а гайтамца иза уггаре йоккха пачхьалкх йу Чоьхьарчу Кавказан. Дезткъе хьалхарчу меттигехь йу дуьненахь бахархойн барамца, бIе шийтталгIа меттигехь йу мехкан майданца.
Азербайджанийн Республика | |||||
---|---|---|---|---|---|
азерб. Azərbaycan Respublikası | |||||
| |||||
Девиз: «Odlar Yurdu (ЦIершийн Пачхьалкх)» |
|||||
Азербайджанийн Республикин Пачхьалкхан Шатлакхан Илли | |||||
Маьрша йаьлла терахьаш |
ЗДФР: 1918 шеран 28 май СССРх: 1991 шеран 18 октябрехь |
||||
Официалан мотт | Азербайджанийн[1] | ||||
Коьрта гӀала | Бакох | ||||
Йаккхий гӀаланаш | Бакох, Гянджа, Сумгаит, Мингечаур, Хырдалан, Ленкорань, Нахичевань[2], Ширван, Ханкенди[3] | ||||
Урхаллин тайпа | Президентан республика[4] | ||||
Президент Премьер-министр |
Ильхам Алиев Артур Расизаде |
||||
Пачхь. дин | Светски пачхьалкх | ||||
Латта | |||||
• Шадерг | 86 600 км² (112-гӀа дуьненахь) | ||||
• % хина тӀехле | 1,6 % | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор (2013) | 9 590 159[5][6] стаг | ||||
• Ларар | 91 стаг | ||||
ДЧС (НЭТ) | |||||
• Шадерг (2012) | 98,776 млрд.[7] долл. | ||||
• ХӀораннан а сина | 10 624[7] долл. | ||||
Бахархойн цӀерш | азербайджанаш | ||||
Ахча |
Азербайджанан манат (AZN, код 944) |
||||
Интернет-домен | .az | ||||
Код ISO | AZ | ||||
Код МОК | AZE | ||||
Телефонан код | +994 | ||||
Сахьтан аса | Ӏай +4, аьхккий +5 | ||||
Автомобилийн некъаш | аьтту агӀора[d][8] | ||||
Медиафайлаш Викилармехь |
Коьрта шахьар — Бакох. Пачхьалкхан мотт — азербайджанийн. Йу Дуьненан хIуман пачхьалкх[16].
Азербайджан — дуккха а къаьмнаш долуш, дуккха а конфессеш йолуш мохк бу[17][18][19]. Дукхаха болу республикин бахархой ислам (алсама шиIийн новкъа) дин лелош бу, кIезиг бу керсталла а, яхIудийн дин лелошберш.
Унитаран пачхьалкх[16], президентан республика. 2003 шеран октябрехь президентан дарж дIалаьцна Алиев Ильхама. Йекъало 66 кIоштан, 11 республикин куьйгакIелара гIалан, 1 автономин республикин — Нахичеванан Автономин Республикин. Азербайджанан мехкан цхьа дакъа доладеш ду къобалйанза йолу Ломан-Карабахан Республико, дакъа — Эрмалойчоьно (эксклаваш Кярки, Бархударлы, Софулу, Лакхара Аскипара). Азербайджано доладеш ду Эрмалойчоьнан цхьа дакъа (анклав Арцвашен).
Малхбалехьара бердашца Каспий-хӀордан хиш ду. Латта тIехула доза ду Российца, Гуьржийчоьнца, Эрмалойчоьнца, Иранца. Нахичеванан Автономин Республикин — Азербайджанан эксклаван — доза ду къилбаседа-малхбалехь Эрмалойчоьнца, къилба-малхбузехь Иранца, къилбаседа-малхбузехь Туркойчоьца.
Кхуьуш экономика йолу аграрно-индустриалан мохк бу. Иэца таро йолу паритетан ДЧС барам 2012 шарахь хилира 98,776 миллиард АЦШ доллар (10 624 АЦШ доллар цхьаьна синна)[7]. Ахча — азербайджанийн манат.
Мехкан маьршо дIакхайкхийна 1918 шеран 28 майхь. 1918 шарахь кхайкхийна Азербайджанан Демократин Республиках олу дуьххьарлера демократин дуьненан хIуман республика бусалба дуьненан йукъахь[20][21][22][23][24].