Эрмалойчоь
From Wikipedia, the free encyclopedia
Эрмалойчоь (эрм. Հայաստան [hɑjɑsˈtɑn]), йуьззина официалан кеп — Эрмалойн Респу́блика[2] (эрм. Հայաստանի Հանրապետություն [hɑjɑstɑˈni hɑnɾɑpɛtuˈtʰjun]) — Чоьхьара Кавказан пачхьалкх.
Эрмалойчоь | |||||
---|---|---|---|---|---|
Հայաստանի Հանրապետություն | |||||
| |||||
Эрмалойчоьнан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли | |||||
Кхоьллина | IV - II вв. до н. э.IV - II вв. до н. э. | ||||
Маьрша йаьлла терахьаш |
28 май 1918 шо (от ЗДФР) 1991 шаран 21 сентябрехь[1] (СССРх) |
||||
Официалан мотт | эрмалойн | ||||
Коьрта гӀала | Ереван | ||||
Йаккхий гӀаланаш | Ереван, Гюмри, Ванадзор | ||||
Урхаллин тайпа | Республика[2] | ||||
Президент Премьер-министр |
Армен Саркисян Никол Пашинян |
||||
Латта | |||||
• Шадерг | 29 743 км² (138-гӀа дуьненахь) | ||||
• % хина тӀехле | 4,71 | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор | 3 009 800[3] стаг | ||||
ДЧС (НЭТ) | |||||
• Шадерг (2012) | 24,99 млрд.[4] долл. (122-гӀа) | ||||
• ХӀораннан а сина | 8416,82 [5](данные ВБ) долл. | ||||
ДЧС (номинал) | |||||
• Берриг (2012) | 9,951 млрд.[6] долл. | ||||
• ХӀораннан а сина | 3351,63[6] долл. | ||||
АДКИ (2013) | 0,729[7] (лакхара; 87-гӀа меттиг) | ||||
Ахча | Эрмалойн драм (AMD,код 51) | ||||
Интернет-доменаш | .am, .հայ[d] | ||||
Код ISO | AM | ||||
Код МОК | ARM | ||||
Телефонан код | +374 | ||||
Сахьтан аса | UTC+4[8] | ||||
Автомобилийн некъаш | аьтту агӀора[d][9] | ||||
Медиафайлаш Викилармехь |
Лаьтта Хьалхарчу Азин къилбаседехь, Эрмалойн акъарин къилбаседа-малхбузехь. ХIорд тIе араволийла йац. Азербайджанца а, къобалйанза йолу Ломан-Карабахан Республикица (ЛКР) доза ду малхбалехь. Къилба-малхбузехь доза ду Азербайджанан йукъарчу Нахичеван АРца. Иран доза ду къилбехахь, Туркойчоьнца малхбузехь, Гуьржийчоьнца къилбаседехь. Эрмалойчоь доладеш йу Азербайджанан мехкан цхьаьна декъан (анклаваш Кярки, Бархударлы, Софулу, Лакхара Аскипара), ткъа Азербайджан доладеш йу Эрмалойчоьнан цхьаьна декъана (эксклав Арцвашен).
Эрмалойчоьнан бахархой, 2016 шеран 1 январехь мах хадорца хилира 2 млн. 998,6 эз. стаг[10], майда — 29 743 км²[11]. Цхьацца терахьашца лаьрчи дуьненахь бIе ткъе ялхийтталгIа меттигехь йу а, мехкан майданца бIе ткъе берхIийтталгIа йу.
Коьрта шахьар — Ереван. Пачхьалкхан мотт — эрмалойн.
Парламентан кепара урхаллин унитаран пачхьалкх[12]. 2018 шеран 9 апрелехь дуьйна Эрмалойчоьнан Президент ву Саркисян Армен. Йекъало 10 областан а, Ереван гIалин а.
95 % гергга бахархой керсталла лелош бу, царех алсама дакъа Эрмалойн асхьабийн килсехь бу, иза Ширамалхбален килсех цхьаъ йу.[13].
Аграрно-индустриалан мохк бу динамикца кхуьу экономикица. 2012 шеран ДЧС номиналан барам хилира 9,951 миллиард АЦШ доллар (3351,63 АЦШ доллар гергга цхьаьна синна). Ахча — эрмалойн драм (2015 шеран йуккъера бараман курс — 479 драм 1 АЦШн долларах).
1918 шеран 28 майхь кхайкхийна маьрша Хьалхара Республика Эрмалойчоь. 1920 шеран 28 ноябрехь Эрмалойчохь советан Iедал а хIоттийна, кхоьллира Эрмалойн ССР, иза 1936 шо кхаччалц ССРС йукъарчу ТСФСР йукъахь йара, ткъа 1936 шеран 5 декабрехь — союзан республика хилира. 1990 шеран 23 августехь Эрмалойн ССР Лакхарчу Совето тIеийцира Эрмалойчоь маьрша хиларан деклараци. ДIакхайкхийра, эрмалойчоьнан махка тIехь ца лела Республика Эрмалойчоьнан Конституци а, законаш а бен[14]. 1991 шеран 23 сентябрехь хиллачу референдуман жамIашца Эрмалойчоьнан Лакхарчу Совето къобал йира Эрмалойчоьнан маршо[15]. 1992 шеран 22 мартехь Республика Эрмалойчоь дIаийцира ВКЪКХ йукъа, ткъа 2001 шеран 25 январехь Европин Совет йукъа[16].