Юсуф
исламан пайхамар / From Wikipedia, the free encyclopedia
Ю́суф (Ӏаьр. يُوسُفُ) — иза исламан пайхамар ву. Къуръан чохь хьехийначу пайхамарех цхьаъ а ву. Яӏкъуб пайхамаран цхьайтталгӏа кӏант а ву Рахьилера. Даим бакълуьйриг (ас-Сиддикъ) а, исраилхойн пайхамарех цхьа пайхамар а, кхаа динехь лоруш деза адам а ду иза (исламехь а, жуьгталлехь а, насараллехь а).
Доца факташ Юсуф, Говзалла ...
Юсуф | |
---|---|
Ӏаьр. يوسف | |
ӀабдуллахӀ, ас-Сиддикъ, Ибн Яӏкъуб, Аль-Карим ибн Аль-Карим ибн Аль-Карим ибн Аль-Карим | |
Говзалла | dream interpreter, государственный служащий |
Вина терахь | XVII бӏешо в. э. тӏейале |
Вина меттиг | КанӀан, Шема |
Кхелхина терахь | XVII бӏешо в. э. тӏейале |
Кхелхина меттиг | Мисар |
ДӀавоьллина меттиг | |
Къам, некъе | исраилхой, жуьгтий |
Да | Яӏкъуб |
Нана | Рахьиль |
Зуда | Асенат, Зулейха |
Бераш | Манисса, АфрахӀам |
Силсила | Юсуф ибн Яӏкъуб ибн Исхьакъ ибн Ибрахӏим аль-Халил |
Динлелор | ислам |
Лоруш волу динаш | ислам, насаралла, жуьгталла |
Тамашийна гӀуллакхаш | гӏенаш дитар |
ДӀачӀагӀа
Юсуф Къуръан чохь а, Товрат чохь а уггар гӏарадевллачу адамех лоруш ву. Иза гӏараваьлла хилла гӏенаш тида хьуьнар хиларца. Юсуф чӏогӏа хаза а хилла. Сахьихь Муслим чохь деана ду, цунна хазаллин ах дакъа делла аьлла. Дала пайхамараллица сийдинчу доьзалера хилла иза, цундела Мухьаммад пайхамаро ﷺ цӏетиллина хилла цунна, иза: «комаьршаниг (аль-Карим) ву, комаьршачун кӏант, комаьршачун кӏентан, коьрмашачун кӏентан» — аьлла.