ШахӀадат
Делах а, Мухьаммадан пайхамараллах а шен тешар барта бакъдар / From Wikipedia, the free encyclopedia
ШахӀа́дат (Ӏаьр. الشَّهَادَةُ «Тоьшалла») — иза ислам динехь ши тоьшалладар ду «АллахӀ воцург кхин дела вац» (Ӏаьр. لَا إِلٰهَ إِلَّا اللهُ) аьлла а, «Мухьаммад — Делан элча ву» (Ӏаьр. مُحَمَّدٌ رَسُولُ اللهِ) аьлла а. Исламан шарӀо ма-бохху, стаг ислам дин чувогӀу цӀена хӀара дешнаш аларца: «Ас тоьшалладо до, АллахӀ воцург, кхин дела вац аьлла, ас тӀаккха а тоьшалла до, Мухьаммад — Делан элча ву аьлла» (Ӏаьр. أشْهَدُ أنْ لَا إلٰهَ إلَّا اللهُ وأَشْهَدُ أَنَّ مُحَمَّدًا رَسُولُ اللهِ [АшхӀаду ан ла̄ ила̄хӀа иллалла̄хӀ, ва ашхӀаду анна Мухьаммадан расӯлулла̄хӀ]) ( ладогӀа) цуьнан маьӀнех догтешна а волуш.