Гуьржийчоь
From Wikipedia, the free encyclopedia
Гуьржийчоь[10] (гуьрж. საქართველო [sɑkʰɑrtʰvɛlɔ], Сакартве́ло) — Чоьхьара Кавказан малхбуза декъехь Ӏаьржа хӀордан малхбален бердашца лаьтта пачхьалкх[11][12][13][14], йукъайоьду Хьалхара Азин а, Гергара Малхбален а[* 7]; хьовсу цуьнга цкъаццӀа Европин а, Азин а дозанер мехке санна[* 8], наггахь — таханлера Европин дакъа санна[27].
Гуьржийчоь | |||||
---|---|---|---|---|---|
საქართველო | |||||
| |||||
Девиз: «Ницкъ марталлехь бу гуьрж. ძალა ერთობაშია» |
|||||
Гуьржийчоьнан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли | |||||
Маьрша йаьлла терахьаш |
1918 шеран 26 майхь (ЧКДФР) 1991 шеран 9 апрелехь (ССРСх[* 1].) |
||||
Официалан мотт | гуьржийн[* 2] | ||||
Коьрта гӀала | Тиблиси, | ||||
Йаккхий гӀаланаш | Тиблиси, Кутаиси, Батуми, Рустави, Зугдиди, Гори, Поти, Сухуми[* 3], Цхинвали[* 4] | ||||
Урхаллин тайпа | парламентан республика[1] | ||||
Президент Премьер-министр Парламентан спикер |
Саломе Зурабишвили Георгий Гахария Арчил Талаквадзе |
||||
Латта | |||||
• Шадерг | 69 700 км²[* 5][2][3] км² (121-гӀа дуьненахь) | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор (2018) | ▲3 729 600[4][* 6] стаг | ||||
• Ларар (2014) | 3 713 804[5][* 6] стаг | ||||
ДЧС (НЭТ) | |||||
• Шадерг (2014) | 26,626 млрд.[6] долл. (110-гӀа) | ||||
• ХӀораннан а сина | 9172[6][* 6] долл. | ||||
ДЧС (номинал) | |||||
• Берриг (2018) | 15,5 млрд[7] долл. | ||||
• ХӀораннан а сина | 4068[7][* 6] долл. | ||||
АДКИ (2019) | ▲ 0,786[8] (лакхара; 70-гӀа меттиг) | ||||
Ахча | Лари (GEL, код 981) | ||||
Интернет-домен | .ge | ||||
Код ISO | GE | ||||
Код МОК | GEO | ||||
Телефонан код | +995 | ||||
Сахьтан аса | +4 | ||||
Автомобилийн некъаш | аьтту агӀора[d][9] | ||||
Медиафайлаш Викилармехь |
Официалан 2014 шеран бахархой багарбаран жамӀашца Гуьржийчохь веха 3 713 804 стаг[5][* 6] (2018 шо долалуш мах хадорца — 3 729 600 стаг[4][* 6]), мохк — 69 700 км²[* 9]. Дуьненахь 131-гӀа меттигехь йу бахархойн барамца, 119-гӀа майданца.
Коьрта шахьар — Тиблиси. Пачхьалкхан мотт — гуьржийн.
Гуьржийчоь — урхаллин ийна кепара унитаран пачхьалкх. 2018 шеран 16 декабрехь Гуьржийчоьнан президентан дарж дӀалаьцна Зурабишвили Саломе с, премьер-министр 2019 шеран 8 сентябрехь дуьйна Георгий Гахария ву.
Конституцица Гуьржийчоьнан йукъайогӀу 2 автономин республика, 9 мохк, цаьрца нисйина коьрта шахьар а.
Гуьржийчоьн малхбузехьа Ӏаьржа хӀордан хиш ду; малхбалехьа а, къилбаседехьа а Российца доза ду, къилбехьа Эрмалойчоьнца а, Туркойчоьнца а, къилба-малхбалехьа Азербайджанца. Абхазин а, Цхинвалин регионан а мехкаш де-факто урхалла деш дац гуьржийн правительство, цуо, ОБСЕ Парламентан ассамблейс, АЦШс, Европин комиссис[28][* 10][30] мах хадабо Российс оккупаци йина Гуьржийчоьнан дакъа санна. Российс, Никарагуас, Наурус, Венесуэлас[31][32], Шемас[33][34] къобал дина уьш, Республика Абхази а, Республика Къилба ХӀирийчоь/Алани а пачхьалкхаш Гуьржийчоьнах маьрша хилар.