Телевизионан маша
From Wikipedia, the free encyclopedia
Телевизионан маша (инг. Television network) — меттигера телестанцийн(ингалс.)нохч. а, кабелан телевизионан провайдерийн а ненан компанин телевизионан программаш йаржоран коммуникацин маша. ДезткъолгӀа шерашна йуккъе кхачале дуьненан дукхаха йолчу пачхьалкхашкахь алсама йара кегийра шуьйрахаамийн машанаш(ингалс.)нохч., хӀунда аьлчи оцу хенахь кабелан телевизион иштта кхиина йацара[1]. Дукхаха болу шира телемашанаш кхоллабелла радиомашанех, масала BBC, NBC йа CBC.
Ков Телевизион |
---|
Истори |
Телевизион АЦШ Телевизион Россехь Телевизион ССРС |
Терминаш |
Телевизионан маша Телевизионан синдикаци Апфронт • Нильсенан рейтинг Сезонан юккъехь хийцар Сезонан премьера • Сезонан финал Телесериал • Клиффхэнгер Прайм-тайм • Кадрашна тӀехьара беларш Шоураннер |
Жанраш а, форматаш а |
Теленовелла Мыльни опера Ситком • Антологи Процедуран драма Кхиархойн драма Ток-шоу Мини-сериал Реалити-шоу Керланаш |
Йаззамаш кечбар Категореш |
АЦШхь ширачех йу NBC, болх беш йу 1938 шарахь дуьйна, ткъа CBS а, ABC болх бан йолайелла 1940-гӀа шераш дуьйлалуш[2]. Уггаре доккха кхаа канало оцу хенахь дуьйна латтабо шен регионан станцешна-накъосташна ладаме барам телевизионан программаш, царна йукъахь керлачеран арахецараш, прайм-тайм, дэй-тайм, спорт гайтар, амма оццу хенахь йуьту царна дикка хан меттигера а, ткъа иштта синдикаци йина а программаш. 1986 шарахь боккхачу кхаа машан тӀекхийтира керла маша Fox, амма шел а хьалха хиллачаьрга хьаьжча машано хӀиттайора шина сахьтан прайм-тайме программаш, ткъа йерриг йисина хан дӀалора меттигерчу станцешна[3]. 2006 шарахь кхоьллина жима машано The CW, хӀиттайо Fox компанел кӀезиг программаш, ара ца хоьцу прайм-таймехь итт сахьт даьлчий бен, ткъа йерриг йисина хан дӀало меттигерчу партнерашна, цара йузу контента синдикаци йина эфиран хан. Коммерцин боцу PBS машано иштта болх бо меттигера партнерийн гергарлон хьесапца, амма йоккха йиъ компанех къаьсташ церан йац гайтаран луьра программа, контент эфире йолу хенан раж лелайо меттигера станцеш.