Лютераналла
From Wikipedia, the free encyclopedia
Лютераналла-керстанан болам бу[1]. Керста динехь ширачу протестантийн боламах цхьаъ ду.
Лютераналлица доьзна ду протестанталла боху дош, хӀунда аьлча Лютеранаш Шпайер шахьрехь дуьхьало йинчул тӀаьхьа царах протестанташ олура. Кхолладелла XVI-чу оьмарехь Германехь хиллачу рефорацин боламехь, юха скандинавин мехкашкахь килсаш пачхьалкхан кепе дерзарца.
Лютеранан килсан бухенгара принципаш хӀоттина цхьана агӀор Мартин Лютерс а, цуьнан мурдаш а Руман-Католикийн килсан зуламийн дуьхьал бинчу тӀамехь а, иштта радикалан кепе йирзинчу протестантийн боламаш а (анабаптизм а, кальвинизм а, цвинглиансталла а)- кхечу агӀор.