Африка
континент / From Wikipedia, the free encyclopedia
А́фрика — майданца шолгӀа материк йу Евразел тӀаьхьа, къилбаседехьа Лаьттайуккъера хӀорд бу, къилбаседа-малхбалехьа ЦӀен хӀорд бу, малхбузехьа Атлантикин Ӏапказ ду, малхбалехьа а, къилбехьа а ХӀиндин Ӏапказ ду. Африка олу кхин а Африка материках а, цунна гергара гӀайренех а лаьтта дуьненан декъах. ГӀайренаш а доцуш Африкин майда хуьлу 29,2 млн км², гӀайренашца — 30,3 млн км²[3] гергга, цуо иштта къовлу 6 % Дуьненан тӀехолонах, латтан тӀехолонах 20,4 %. Африкин махкахь 55 пачхьалкх.
Африка | |
---|---|
Мохк | 30 221 532 км² |
Бахархой | 1 380 541 131 (2021)[1] стаг |
Луьсталла | 45 стаг/км² |
Бахархойн цӀераш | африкахой |
Йукъахь йу | 55[2] пачхьалкхаш |
Йозуш йолу пачхьалкхаш | |
Мотт | хьажа Африкин меттанаш |
Сахьтан асаш | UTC-1 тӀиера UTC+4 кхаччалц |
Медиафайлаш Викилармехь |
Африкин бахархой миллиард гергга стаг ву. Африка лору адамийн даймохк: кхузахь карийна уггаре хьалхара гоминидийн а, церан хила тарло дайн а, царна йукъахь сахелантропаш, Avstralopitecus africanus, A. afarensis, Homo erectus, H. habilis, H. ergaster.
Африкин континент хадайо экваторо а, шортта климатан зонаш а; иза цхьаъ бен йац къилбаседа субтропикийн климатан асанера къилба субтропикан асане кхаччалц йахйелла континент. Цхьанаэшшара йолу йочанаш а, хи диллар а ца тоарна — цаьрга терра шалаьмнаш йа ломан системийн хи доллу чкъор ца хиларна — Ӏаламо хуьцу климат цхьанхьа йац, бердашца бен.
Африкин оьздангаллин а, экономикин а, политикин а, социалан а баланаш Ӏамош ду африканистика олу Ӏилма.