Аристократи
From Wikipedia, the free encyclopedia
Аристокра́ти (шир.-желт. ἀριστοκρατία, «уггаре дикачеран Ӏедал»; схьадаьлла ἀριστεύς — «уггаре вевзаш верг, беркате тайпанех схьаваьлларг» а, κράτος — «ницкъ, Ӏедал, баьчча») — Ӏедал элашкахь долу (къаьстина ша когаметта висинчу монархан урхаллех) пачхьалкхан урхаллин кеп.
ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа Аристократи (маьӀнаш).
Шена чуьра и термин схьайаьлла Шира Желтойчохь, и урхаллин кеп йуьхьанцарчу вариантехь ма-дарра кхетадора «уггаре дикачеран урхалла»[1], оцу хенахь хӀора аристократан шен дикалла йара. Теро гар дара йуккъерабӀешерийн Малхбузен Европехь (къонахийн дикаллаш) а, шира Цийчохь а (йалх говзалла), цигахь аристократ боккъала а уггаре дика ву цхьаьна коллективехь, тайпанехь, гӀалахь, махкахь (регионехь), пачхьалкхехь.