Андропов, Юрий Владимирович
From Wikipedia, the free encyclopedia
Андро́пов Ю́рий Влади́мирович (1914 шеран 2 [15] июнь[2][3], станци[4] Нагутски[1], Ставрополан губерни, Российн импери — 1984 шеран 9 февралехь, Москох, РСФСР, ССРС) — советийн пачхьалкхан а, политикин а гӀуллакххо, 1982—1984 шерашкахь ССРС куьйгалхо. ССКП ЦК инарлин секретарь (1982—1984), ССРС Лакхара Кхеташонан Президиуман председатель (1983—1984).
Андропов Юрий Владимирович | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
оьрс. Юрий Владимирович Андропов | |||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Брежнев Леонид | ||||||
Когаметтаниг | Черненко Константин | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Брежнев Леонид Кузнецов Василий (д. кх.) |
||||||
Когаметтаниг | Кузнецов Василий (д. кх.) Черненко Константин |
||||||
|
|||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Семичастный Владимир | ||||||
Когаметтаниг | Федорчук Виталий | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | дарж йукъадаьккхина | ||||||
Когаметтаниг | Катушев Константин | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Суслов Михаил Черненко Константин (д. кх.) |
||||||
Когаметтаниг | Черненко Константин | ||||||
Дин | атеизм | ||||||
Вина терахь | 1914 шеран 2 (15) июнь({{padleft:1914|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:15|2|0}}) | ||||||
Вина меттиг | Нагутски станцехь[1], Ставрополан губерни, Российн импери | ||||||
Кхелхина терахь | 1984 шеран 9 февраль({{padleft:1984|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:9|2|0}}) (69 шо) | ||||||
Кхелхина меттиг | Москох, РСФСР, ССРС | ||||||
ДӀавоьллина | Кремлан пенан уллера некрополь | ||||||
Да | Андропов Владимир Константинович (ненан майра, ? — 1919) | ||||||
Нана | Флекенштейн Евгения Карловна (? — 1927) | ||||||
Зуда |
1) Енгалычева Нина Ивановна (1914—1994) 2) Андропова (Лебедева) Татьяна Филипповна (1917—1991) |
||||||
Бераш |
хьалхарчу зудчо бина йоӀ: Евгения (1936-2018), кӀант: Владимир (1940—1975), шолгӀачу зудчо бина кӀант: Игорь (1941—2006), йоӀ: Ирина (йина 1947). |
||||||
Парти | ЕКП(б) / ССКП (1939 шарахь, 1937 шарахь дуьйна кандидат) | ||||||
Дешар |
Рыбинскан эркан техникум, ЕКП(б) ЦК Лакхара партин ишкол, Карелийн-Финнийн пачхьалкхан университет |
||||||
Динлелор | динехь вацара (атеист) | ||||||
Автограф | |||||||
СовгӀаташ | |||||||
Пачхьалкх | ССРС | ||||||
Эскаран тайпа | KGB[d] | ||||||
ЦӀе | эскаран инарла[d] | ||||||
Буьйр дар | KGB[d] | ||||||
Латар | |||||||
Медиафайлаш Викилармехь |
ССРС Пачхьалкхан кхерамзаллин комитетан председатель (1967—1982). 1982 шарахь ССКП ЦК идеологин секретарь а, ССКП ЦК секретарь (1962—1967) а, 1973 шарахь дуьйна ССКП ЦК Политбюрон декъахо (1967 шарахь дуьйна кандидат). 3-гӀа а, 6—10-гӀа а кхайкхаман ССРС Лакхара Кхеташонан депутат. Социалистийн Къинхьегаман турпалхо (1974).
1954 – 1957 шерашкахь Андропов — Мажарчуьра векал, дакъалецира 1956 шеран Мажарийн гӀаттам охьатаӀош.
1967 шеран 10 майхь хӀоттийна ССРС ПКхК председатель.
Л. И. Брежневн урхаллин тӀаьхьарчу шерашкахь могашалла ца сацалуш телхаш, Андропов Юрий арахьара гӀуллакхийн министрца Громыко Андрейца а, дуьхьалонан министрца Устинов Дмитрийца а (ССКП ЦК Политбюрон уггаре хааамаш болу а, ладаме а декъахой хиларна) цхьаьна билгалйоккхура Советийн Союзан политика.
Л. И. Брежнев веллачул тӀаьхьа, 1982 шеран 10 ноябрера, 1982 шеран 12 ноябрь кхаччалц болчу муьрехь Андропов Юрийс иза хийцира ССКП ЦК Инарлин секретаран даржехь, хилира Советийн Союзан официалан корта. Ша даржехь веха ца Ӏийначу муьрехь (15 баттахь, йа 1 шарахь 98 дийнахь, йа 463 дийнахь) Андроповс цхьа могӀа белхаш бира, партин-пачхьалкхан аппаратера коррупци дӀайаккха а, социалистийн системин экономикин эффект айаран а лерина. Коммунистийн партин цхьа могӀа куьйгалхошна дуьхьала кечдира зуламан гӀуллакхаш. «Белхан хан — белхана!» лозунгца дов долийра балха ца лелаш йукъара буьйлучаьрца, наггахь цуо оьцура анекдотийн кеп а, кинотеатрашкахь хӀоьттура белхан меттиг мичхьа йу, хӀун хенахь хила веза балхахь.
1983 шеран февралехь, жаннаша болх лартӀехь ца беш, Андроповн могашалла сихха талха йолайелира, 1984 шеран 9 февралехь иза велира.