Азов-хӀорд
From Wikipedia, the free encyclopedia
Азо́в-хӀорд (укр. Азовське море, гӀирман гIез. Azaq deñizi) — Европин малхбалера Атлантикин Ӏапказан ахкъевлина хӀорд, бердашца ю Украина[1] а, Росси а. Дуьненахь уггаре гомха хӀорд: 13,5 метр бен йац кӀоргалла[2], кӀоргаллин юккъера барам 7,5 м (цхьацца мах хадорца — 6,8 - 8 м)[3]. Атлантикин Ӏапказца уьйр ю хидоькъен а, хӀордийн а еха зӀенца: Керчан хидоькъе — Ӏаьржа хӀорд — Босфор-хидоькъе — Мармаран хӀорд — Дарданеллан хидоькъе — Эгейн хӀорд — Лаьттайуккъера хӀорд — Гибралтаран хидоькъе. Ӏапказан гена хиларца Азов-хӀорд бу дуьненахь уггаре генара континентан хӀорд.
Азов-хӀорд | |
---|---|
Амалш | |
ХӀордан йистан йохалла | 1472 км |
Дуккха кӀоргалла | 13,5 м |
Юккъера кӀоргалла | 7,5 м |
Бассейн | 586 000 км² |
Лаьтта меттиг | |
46°05′06″ къ. ш. 36°31′44″ м. д.HGЯO | |
Медиафайлаш Викилармехь |
Ширачу заманахь Азов-хӀорд бацара, ткъа Дон кхетара хӀинца Керчан хидоькъе йолчу меттигехь Ӏаьржа хӀордах. Тардолуьйту, Азов-хӀордан акватори юьзина хилар вайн эрал 5600 шо хьалха (хьажа Ӏаьржа хӀордан хи хьадаран теори).
Таманан ахгӀайренан къилбаседа бердаца ю хьалхара палеолитан шира адам лаьттан меттиг Кермек.