Ӏаишат бинт Абу Бакр
Мухьаммад пайхамаран ﷺ зуда, Абу Бакр ас-Сиддикъан йоӀ / From Wikipedia, the free encyclopedia
Ӏаишат бинт Абу Бакр ат-Таймийят аль-Къурашийят (Ӏаьр. عَائِشَةُ بِنْتُ أَبِي بَكْرٍ التَّيْمِيَّةُ الْقُرَشِيَّةُ; йина 604, Макка — 678 шеран 13 июлехь, Мадинат, Хьиджаз, Умавийн халифат) — иза Мухьаммад пайхамаран ﷺ кхоалгӀа зуда а, муъма нехан нанойх цхьаъ а йу, ша йоцург йоӀстаг зуда цо ца йалийна хилла йолу. Иза Мухьаммад пайхамаран ﷺ дуьххьарлерчу халифан Абу Бакр ас-Сиддикъан йоӀ а йу[4][5]. Мухьаммад пайхамара ﷺ и йалийна Бадрун гӀазот хиллачул тӀаьхьа 623-чу шарахь (хӀижрин 2-чу шарахь). Ухьудан гӀазотехь лазийначарна хи ма ло арабевлла хилла болчу зударшца хилла а йу иза[6]. Иза бехкейина хилла «Ифк» (эладита) олу хилам хиллачу хенахь, цу хьокъехь диссинчу Къуръанан аяташца вахьйуно (Делан хаамо) и бехке цахилар чӀагӀдаллалц, къаьсттина суннатхойн Ӏакъидато (динах тешаро) ма-бохху.
Ӏаишат бинт Абу Бакр | |
---|---|
Ӏаьр. عائشة بنت أبي بكر | |
Уммул-муъминин, Хьабибату РасулиллахӀ, Хьабибатул-МустӀафа, Хьабибатул-Хьабиб, аль-Мубарраат, ат-ТӀаййибат, ас-Садикъат | |
Говзалла | поэт |
Йина терахь | 614[1][2][…] |
Йина меттиг | Макка, Хьиджаз |
Кхелхина терахь | гергга 678 шеран 13 июль[3] |
Кхелхина меттиг | Мадинат, Хьиджаз, Умавийн халифат |
ДӀайоьллина меттиг: | Аль-БакъиӀ |
Пачхьалкх | |
Да | Абу Бакр ас-Сиддикъ |
Нана | Умм Руман |
Майра | Мухьаммад ﷺ |
Дешархой | Тавус ибн Кайсан[d] |
ТӀеман гӀуллакх | |
ТӀемаш |
Ӏаишат Мухьаммад пайхамарца ﷺ даим хилар бахьнехь, цуьнан болх хилла ислам динан ахькамаш а, хьадисаш а нахе дӀадийцар, шен хьокъехь Аль-Хьакима «Аль-мустадрак» олучу жайнахь аллалц: «ШариӀатан доьалгӀа дакъа эла Ӏаишатера дийцина ду». Баккхийчу асхьабаша шайна хала хиллачу хӀумангахь, цуьнга хеттарш деш хилла. Абу Муса аль-АшӀарис а аьлла цуьнах лаьцна дешнаш: «Тхо, Делан элчанан ﷺ асхьабаш, ца кхеташ цхьа а хьадис хилла дац, оха Ӏаиташе хаьттича, цунна и хууш хилар тхуна карийний бен»[7][8]. Хаза къамел дар (мотт цӀена бийца хаар) делла а хилла цунна.