Цигонаш
From Wikipedia, the free encyclopedia
Цигонаш — уггаре йоккха Европера этносин кӀезиг къаьмнийн тоба[15], ХӀиндера схьадалар долуш этносин чӀор. Елена Марушиакова и В. Попов (Болгари) цӀе йлучу этнологаш уьш билгалбо — тобанийукъара этносин кхоллам санна. Оцу башхаллонаш билгалйоху цигонаш мозайка санна дукху пачхьалкхахь баьржина хилар а, цуьнца дихкина а долуш цера хӀинцлера идентичносташ кхолаялар (мадара лахахь хьажа).
Цигонаш | |
---|---|
Дукхалла |
|
ДIасакхалхар |
Румыни: 621 573 (хьаж. Румынин бахархой) Болгари: 353 эзар (хьаж. Болгарин бахархой) Албани: 1300 тӀера 120 эзар кхаччалц[6] Словаки: 65 эзар (официалан) Босни а, Герцеговина а: 60 эзар[8] Белорусси: 7079 (2009 шо[11]); 17 эзар (официалан дац[12]) Франци: 20 эзар Хорвати: 9463 тӀера 14 000 кхаччалц (2001 шо)[13] Кхазакхстан: 6750 |
Мотт | Цигонийн мотт, домари[d], Ломаврен[d] |
Дин | Керсталла, ислам, Буддизм, Иудаизм |
Медиафайлаш Викилармехь |
Йаьржина цера цӀе йу — ром, рома, делахь кхинйолу этнонимаш а йу лелош: синти, мануш («нах»), кале («Ӏаьржа»). Европин массо цигонаш политикин маьӀнехь лелош йу рома (инг. Roms, Romanies) цӀе.
Цигонаш беха Европин дукха пачхьалкхашкахь, цул совнах беха Къилбаседа Африкехь, Къилбаседа Америкехь а, Къилба Америкехь а, Австралехь. Европин цигонашна гергара цигонийн тобанаш йеха Гергарчу Малхбален пачхьалкхашкахь. Дуьненахь цигонаш 4 373 000 кхочу. ССРС пачхьалкхехь официалан 175,3 эзар цигонаш бара (1970 шо). Россехь беха 220 эзар герг цигон.