Хьа́лхара жӀа́рахойн тӀелата́р кечдира 1096 шарахь руман папин Урбан II-гӀачун сацамца, византийн императора Алексей I-чо дехар динчул тӀаьхьа, Ӏалашо малхбален керстачарна Анатоли (Жима Ази) сельджукех ларъеш гӀодар йолуш. ТӀелатаран Ӏалашо хилира сийлахь гӀала Иерусалим а, Сийлахь латта а бусалбачарех мукъа даккхар. Йуьхьанца руман папин кхайкхам хьажийна бара беккъа французийн рыцаршка, амма тӀаьхьа цунах хилира йаккхий масштабийн тӀеман кампани, ткъа и ойланаш дӀалецира Малхбузен Европин йерриг керста пачхьалкхаша. Массо а къаьмнийн феодалаш а, миска нах а латта тӀехула а, хӀорд чухула а Малхбалехьа гӀоьртира, новкъахь туркойн-сельджукийн Ӏедалах мукъа даьккхина Жима Азин малхбузен дакъа а, Византийн бусалбачарех болу кхерам дӀа а баьккхина, 1099 шеран июлехь схьайаьккхира Иерусалим. Хьалхара жӀарахойн тӀелатар долуш кхоьллира Иерусалиман паччахьалла, кхин жӀарахойн пачхьалкхаш, уьш цхьаьна тухара Латинан Малхбале цӀаро. ЖӀарахойнтӀелетаран историн ладаме роль ловзийра син-мехаллин рыцарийн орденаш.
Доца факташ Хьалхара жӀарахойн тӀелатар, Терахь ...
Хьалхара жӀарахойн тӀелатар |
---|
Коьрта конфликт: ЖӀарахойн тӀелетарш |
|
Терахь |
1096—1099 |
Меттиг |
Гергара Малхбале (Анатоли, Левант, Исраил) |
Бахьна |
Католикийн килсан керстачеран сийлаллаш схьаяха иэшаран идеологин сацам (Клермонан гулам, 1095) |
ЖамӀ |
ЖӀарахойн толам, цара Триполи, Антиохи, Эдесса йаккхар |
Хийцамаш |
Бусалбачаьргара схьадаьхначу латташ тӀаьхь жӀарахоша пачхьалкхаш кхоллар: Эдессан графалла, Антиохин олалла, Иерусалиман паччахьалла, ткъа иштта тӀом чекхбаьллачул тӀаьхьа экспанси йина — Триполи графалла (1105) |
|
|
ЖӀарахой: 30,000 гӀашлой[1]
Византи: 2000 стаг[2], Ахархой-жӀарахой: 100 эзар сов стаг
|
хууш дац
|
|
|
Медиафайлаш Викилармехь |
ДӀачӀагӀа