Серлонан мур
From Wikipedia, the free encyclopedia
Серлонан мур[1][2] — коьртачех цхьа муьрех («дехачу XVIII бӀешеран» муьрехь[3]) европин оьздангаллин исторехь, йоьзна Ӏилман, философин, йукъараллин ойланаш кхиарца.
Оцу интеллектуалан боламан бух тӀехь лаьттара рационалла а, маьрша ойлайар а[4]. Серлонан мур дӀакъастийна гуманизман муьрах динан реформацин а, католикийн а муьран реакцех[1].
XVII бӀешарахь Ӏаткъамца Ӏилман революци йолайелла Ингалсчохь, и болам баьржира Францехь, Германехь, Россехь, йаьржира Европин кхечу пачхьалкхашкахь а, мехкашкахь а. Башха Ӏаткъаме бара французийн серлончаш, уьш хилира «ойланийн урхалчаш»[5]. Серлонан хьесапаш дехкира къилбаседаамерикин Маршонан декларацин а, французийн Адаман а, гражданинан а бакъонийн декларацин а бух тӀе[6].
Оцу муьран интеллектуалан боламо боккха Ӏаткъам бира Европин а, Америкин а хиллачу эхь-бехкаллин а, социалан дахаран а хийцамашна, европин мехкийн америкийн колонийн къоман маршонан къийсам, лолла дӀадаккхар, адаман бакъонаш формула йалар. Цул сов, цуо меттах йаьккхина аристократин авторитет, килсан Ӏаткъам бина социалан, интеллектуалан, оьздангаллин дахарна.
Ша термин серло нохчийн матте йеина, ингалсан (The Enlightenment) а, немцойн (Zeitalter der Aufklärung) французийн (siècle des lumières), алсама йукъайоьду XVIII бӀешеран философин некъана. Цуьнца цхьана, иза йац цӀе керлачу философин ишколан, хӀунда аьлча Серлонан философийн гар гӀеххьа къаьстара шайна йукъахь, вовшешца цхьаьна а ца догӀура. Цундела серло ца лору философин ойланан агӀо, ткъа лору ойланийн комплекс. Серлонан философин бух тӀехь лаьттара оцу хенахь йолу ламаста институтийн, гӀиллакхийн, эхь-бехкан йемалалла[7].
ХӀокху дуьнедовзаран муьран терахь хӀотторах марталлин ойла йац. Цхьаьна историкаша цуьнан йухьиг XVII бӀешеран чаккхенгахь хуьлийта (йа кхин йуккъе[8]), другие — к середине XVIII века[9]. XVII бӀешарахь рационалаллин бух буьллу Декарта шен балхехь «Хьесапех лаьцна дийцар» (1637). Чаккхе Серлонан муьран сих-сиха йоьхку Вольтер валарца (1778) (оццу шарахь кхелхина Руссо Жан Жак) йа Наполеонан тӀемийн (1803—1815) йуьхьигца[10]. Оццу хенахь ойла йу Серлонан муьран дозанаш шина революцина тӀедехкаран: Ингалсчуьра «Хастаман революцин» (1688) а, Сийлахь французийн революцин (1789) а[К 1].