Парижера Марйаман килс
From Wikipedia, the free encyclopedia
Пари́жера Марья́ман килс, кхин а парижера Нотр-Да́м килс йа Нотр-Да́м-де-Пари́[1] (фр. Notre-Dame de Paris) — Парижан йуккъера католикийн килс, французийн коьрта шахьран сийлаллех цхьаъ. Парижан архиепархин кафедрин килс. Лаьтта Сите гӀайренан малхбален декъехь, гӀалин 4-гӀа гуонехь, Парижан керсталлин дуьххьарлера килсан меттигехь — Сийлахь Стефанан базилика хиллачохь, иза, шен рогӀехь, йоьттина галла-румхойн Юпитеран бух тӀехь. Готикин килс йуьйгӀира парижан епископан Морис де Сюллин дагадеина 1163—1345 шерашкахь. Сакъдаран дакъа даздина 1182 шарахь; Малхбузен фасад а, бӀевнаш а чекхйаьхна XIII бӀешеран шолгӀачу чийрикехь. 1235 шарахь дуьйна баккхий хийцамаш бира: тойира нефан контрфорсашна йукъара зугӀарш (XIII бӀешеран йукъ); трансептан барам боккха бира (архитекторш Жан де Шель 1250 шарахь дуьйна, Пьер де Монтрёй 1267 шо кхаччалц); тӀетуьйхира хоран зугӀарш а (Пьер де Шель[fr] а, Жан Рави[fr] а XIV бӀешеран йуьхьиг), деамбулаторийн йаккхий аркбутанаш (Жан Рави, XIV бӀешеран йуьхьиг). XIX бӀешарахь Виолле-ле-Дюкан куьйгаллица тодина Революци йолуш дохийна скульптурин дакъа, тодина нефан витражан ровзанаш, байинчун меттана хӀоттийна керла цӀогол[2].
Католикийн килс | |
Парижера Марьяман килс | |
---|---|
фр. Notre-Dame de Paris | |
| |
48°51′11″ къ. ш. 2°20′59″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Франци |
ГӀала | Париж |
Дин | Католикалла |
Епархи | Архиепархия Парижа[d] |
ГӀишлон тайпа | Килс |
Архитектурин хатӀ | готическая архитектура Франции[d], Ранняя готика[d], лучистая готика[d], классическая готика[d] |
Архитектор | Шелль, Жан де[d], Монтрёй, Пьер де[d], Пьер де Шель[d], Жан Рави[d], Раймон дю Тампль[d] |
Йиллинарг | Морис де Сюлли[d] |
Йиллина терахь | 1163 |
Реликвеш а, сийлаллаш а | Ӏийса пайхамаран коканийн таж |
Статус | 1862 |
Локхалла | 69 метр йа 90 метр |
ГӀирс | белый камень[d] |
Хьал | 2019 шеран 15 апрелехь цӀейаьллачул тӀаьхьа меттахӀоттош. |
Сайт | notredamedeparis.fr |
Медиафайлаш Викилармехь |
Йалхдекъан нервюрин нартол йолу йаккхийра готикин килсех хьалхарчех цхьаъ[3], цу тӀе романийн хатӀ тӀера Нормандин хотӀе дехьадовларан муьрера амалаш Ӏалашйина: шала агӀонан дохаллин нефаш а, трибунаш хилар (лакхарчу галерейн) а. Малхбузен фасадо тешалла до архитектурин композицин говзаллех; цуьнан чувоьду кевнийн скульптурин кечдар готикин говзаллин шедевр йу. Аьтту агӀорхьара Сийлахь Аннин ков — уггаре шира ду (XII бӀешеран чаккхе); йуккъера Къемата дийна ков (1220—1230 шераш) дуккха а тодина; Марйаман ков — къилбаседехьара, аьрру агӀорхьара (XIII бӀешеран йуьхьиг). Килсан къилба агӀорхьара трансептан ков (XIII бӀешеран шолгӀа дакъа) лерина ду керстачеран дуьххьара Ӏазапхочунна Сийлахь Стефанна. Шира витражаш ца йисина трансептан шина ровзанехь а, коьрта неӀаран ровзанехь а бен[2].