Москохан олалла
From Wikipedia, the free encyclopedia
Си́йлахь Моско́хан о́лалла — йуккъера бӀешерашкара оьрсийн феодалийн пачхьалкх. Йуьхьанца Сийлахь Владимиран олаллин паччахьан латтах, XIV бӀешеран йуккъехь дуьйна москохан элийн дола Владимир йалар бахьнехь — сийлахь олалла хилира. 1330-гӀа шерашкара 1480 шо кхаччалц москохан элаша — лелайора ханан сийлахь элийн ярлык, иза йаккхархьама цара къийсамаш латтабора кхечу йаккхийчу олаллашца: Тверан а, Нижегородскан-Суздалан а.
Историн пачхьалкх | |||||
Сийлахь Москохан олалла | |||||
---|---|---|---|---|---|
|
|||||
1263 — 1547
|
|||||
Коьрта гӀала | Москох | ||||
Мотт (меттанаш) | оьрсийн, килсан славянийн | ||||
Официалан мотт | древнерусский язык[d], старомосковский извод церковнославянского языка[d] | ||||
Дин | керста | ||||
Майда | 3 млн. км² (1547) | ||||
Бахархой |
1460-гӀа шерашкахь 3 млн. 1530-гӀа шерашкахь 6,5 млн. |
||||
Урхаллин тайпа | =Феодалийн монархи | ||||
Истори | |||||
• 1213 | Дуьххьара къастийна паччахьан латта | ||||
• 1263 | ШолгӀа къастийна паччахьан латта | ||||
• 1363 | Сийлахь олалла | ||||
• 1480 | Йуьззина маьршайаьлла Ордах | ||||
• 1547 | Паччахьалла кхайкхийна | ||||
before-after | |||||
|
|||||
Медиафайлаш Викилармехь |
ТӀаьхьа XV бӀешо чекхдолуш москохан элийн латтанаш шордаларца а, Ӏедал цхьаьна кара дерхорца а монголех мукъадаьлла Сийлахь-Доккха Москохан олаллах хилира Оьрсийн пачхьалкхан марталлин йукъ. 1547 шарахь Москохан сийлахь эла, йерриг Русин паччахь Иван IV Васильевич тӀеийцира паччахьан дарж. Российн паччахьаллин йукъахь Сийлахь-Доккха Москохан олалла кхин а цхьаьна хенахь лорура ша йолу Ӏарш, цунах олура Москохан пачхьалкх.