Ламаз
исламан арканех хьалхара рукна / From Wikipedia, the free encyclopedia
Ла̄маз (Ӏаьр. الصَّلَاةُ, ас-сала̄т) — иза исламан арканех шолгӀа рукна йу[1]. Хьадисехь деана ду: «Ибн Ӏумара элира: Суна хезира Делан элчано ﷺ олуш: "Ислам доьгӀна ду пхеа хӀуманна тӀе: Тоьшалладар ду АллахI бен кхин дела ца хилар, Мухьаммад — Делан элча хилар, ламаз дар ду, закат даккхар ду, Рамазан беттан марханаш кхабар ду, хьаж дан ХьажцӀа вахар ду, нагахь хьан и дан таро елахь"»[2]. Иштта элчано дийцина: «ХӀокху белхан корта — ислам бу, ткъа цуьнан бӀогӀам — ламаз ду, ткъа цуьнан бохь — Делан новкъахь жихӀад дар ду»[3]. ШийӀашна гергахь динан да̄къойх хьалхара да̄къа ду иза[4].
Ламаз дар важиб (тӀедиллина) ду хӀора бусалбачу стагана, гӀеметтахӀоьттинчунна, кхетам чохь волчунна, боьршачунна, стечунна. Ламаз фарз дина тӀедиллина Маккахь, Мухьаммад пайхамаро ﷺ Мадийнате хӀижрат далале ши шо хьалха, исраъ а, миӀраж а хиллачу хенахь[5]. Исламехь хӀора стагана тӀедиллина дийнахь пхи ламаз ду. Уьш доцурш, кхечу бахьанашна деш кхин ламазаш а ду: Шина Ӏийдан ламаз а, докъа-ламаз а, догӀа дехаран ламаз а, малх-бутт лацаран ламаз а. Ламаз ле̄но шен Делаца къамелдаран кеп йу, цу шинна йукъахь хуьлуш йолу уьйр йу иза[6].