КӀелхьараваккхархо волу Ӏийсан Килс
From Wikipedia, the free encyclopedia
КӀелхьараваккхархо Ӏийсан Килс (оьрс. Храм Христа Спасителя) я Ӏийса Вина Денна сийнна Зиярт (оьрс. Храм Рождества Христова)- Москвахь Волхонка урамехь лаьтташ Оьрсийн Ортодоксан Килсан коьрта зиярт ду.
Сийлахь меттиг | |
КӀелхьараваккхархо волу Ӏийсан Килс | |
---|---|
Кафедральный соборный храм Рождества Христова | |
55°44′40″ къ. ш. 37°36′20″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
ГӀала | Москох |
Лаьтта меттиг | Хамовники[d] |
Гергара метрон станци | Кропоткинская |
Дин | Керсталла |
Епархи | Москох гӀалан епархи |
Архитектурин хатӀ | русско-византийский стиль[d] |
Архитектор | Константин Андреевич Тон[d] |
Йиллинарг | Александр I |
Йиллина терахь | 2000 шеран 19 август |
ДӀайаьккхина терахь | 1931 шеран 5 декабрь |
Статус | ОТӀО № 7731399000№ 7731399000 |
Сайт | xxc.ru |
Медиафайлаш Викилармехь |
1931-чу шарахь цу меттахь йохайина хилла дуьххьарлерачу килсан кепехь ю.[1]
1812-чу шеран Оьрсийн-Французийн тӀамехь толам баккхарна керла килс ян сацам хилира I-чу Александран.
12 октябрехь (эсаран баттахь) 1817 шарахь Воробьеван гунаш тӀехь КӀелхьараваккхархо Ӏийсан цӀарах керлачу килсан бух боьттар. Амма 1825-чу шарахь белхаш сацийра. Архитектор а, кхинболу гӀишлойн комиссин декъашхой финансаш дайаран бехкебира.[2]
Архитектор Константин Тон вара керлачу проектан автор. Килсан гӀишло яр чекхделира 1860-чу шарахь. Цул тӀаьхьа, доладелира килсан чоьхьара интерьер кечъяр.
26-чу майехь (хӀутосург баттахь)1883 шарахь хьалхара килсан чохь хьалхара ламасташ даздира (сийлахь-серлаяьккхира).
1931 шарахь 5 декабрехь (гӀуран) Москвахь Сталинан гӀалан реконструкци муьрехь килс хӀаллакйира. И меттан Советийн ЦӀа дан Ӏалашо яра, амма тӀаьхьо цигахь «Москва» бассейнан комплекс схьайиллира.
Патриарх вогӀу-воьду цӀа статус ю килсан. Иштта а, Наполеонан дуьхьал тӀамехь белчарна Оьрсийн Императоран Эскаран декъашхойн йукъара кенотаф ю. Килсан пенаш тӀехь язйина ю 6-гӀа коалицин тӀемашкахь (1797—1806; 1813—1814) хӀаллакхила офицершан цӀерш.[1]