NCAA баскетболан турниран уггаре гӀарайаьлла ловзархо
From Wikipedia, the free encyclopedia
NCAA хьалхара дивизионан баскетболан турниран уггаре гӀараваьлла ловзархо (инг. NCAA Basketball Tournament Most Outstanding Player; турнир «Йеаннан финал») хоржу америкин Associated Press хааман-керлачеран агенталло. И студенташна хӀонс кхоьллина дуьххьара йелира 1938/39 шарахь Огайо штатан университетера Халл Джиммин, ткъа зударшна студенташна — Луизианин технологин университетера Лоуренс Дженисан 1981/82 шерашкахь. Дукха хьолехь совгӀат кхочу толамхойн командин декъахочунна. И титул йаьккхина чемпион ца хилла тӀаьххьара ловзархо хилира Оладжьювон Хьаким 1983 шарахь, ткъа цхьаъ бен йоцу зуда хилира Стэйли Дон 1991 шарахь. Луисвиллан университетера Хэнкок Люка совгӀат даьккхира 2013 шарахь, ша стартан пхеанна йукъахь воцушехь. 2018 шарахь цуьнан кхиамаш карлабехира Виллановн университетера Дивинченцо Донтес.
NCAA баскетболан турниран уггаре гӀарайаьлла ловзархо | |
---|---|
инг. NCAA Basketball Tournament Most Outstanding Player | |
Мохк | |
Тайпа | СовгӀат |
Хьанна ло | NCAA турниран «Йеаннан финалан» уггаре дика ловзархо |
Хьан ло |
Божаршна: AP (1939—) Зударшна: AP (1982—) |
Статус | ло |
Сайт | MOP Tournament NCAA |
Кхузза совгӀатан лауреат хилира турниран борзанан совгӀатхой: Лир Хэл 1956 шарахь, Хейман Арт 1963 шарахь, Билл Брэдли 1965 шарахь, кхин а цкъа — совгӀатхошна йукъа а ца кхаьчначу командин ловзархо, Чемберс Джерри 1966 шарахь, амма 1981 шерал тӀаьхьа хӀонс йаьккхинарг харжа буьйлабелира хьалхарчу шина командин йукъара. 1971 шарахь Портер Ховардан йелла титул бакъ йац аьлла дӀакхайкхийра, хӀунда аьлча цуо хьалха чӀогӀа NCAA бакъонаш йохийра, Америкин баскетболан ассоциацин (АБА) йукъахь ловзу профессионалан «Питтсбург Кондорс» клубаца контракт дина.
Шозза и совгӀат пхеа ловзархочунна бен ца делла, Кёрланд Бобна, Гроза Алексна, Лукас Джеррина, Алсиндор Льюна, Уолтон Биллна, цу тӀе Алсиндора бен иза кхузза ца йаьккхина. Зударшна йукъахь совгӀатан шозза лауреаташ хилира Миллер Шерил, Холдскло Чамик, Таурази Дайана, Паркер Кэндис, Стюарт Брианна, Стюарта бен ца йаьккхира хӀонс деазза, цунах хилира феноменалан баскетболхо. БархӀ ловзархочо, Эллисон Первиса, Энтони Кармелос, Дэвис Энтонис, Джонс Тайса, Миллер Шерила, Дэвис Клариссас, Эдвардс Тоняс, Стюарт Брианнас, титул йаьккхира хьалхара курсехь болуш. Кхечарел алсама и совгӀат даьккхира Лос-Анджелесера Калифорнин университетан баскетболхоша (9-зза) а, Коннектикутан университетан баскетболхоша (11-за). Шозза, 2004 а, 2014 а шерашкахь, и сийлахь совгӀат даьккхира божарша а, иштта зударша а, цхьаьна университетан векалша, шоззе а уьш бара «Коннектикут Хаскисан» ловзархой. Оцу титулан карара совгӀатхой бу Виргинин университетан студент Кайл Гай а, Бэйлоран университетан студент Джексон Хлоя а.