Ӏаьржа аьрзу — (en. Cinereous Vulture), (Оьрсаша "Черный гриф" олу), Шуьйра, дехий тIемаш а долуш, йоккха аьрзу ю иза. Коьрта тIехь мокха до ду цунна. ГIорта ерзина ю. Сийна бос болуш ду дерзина лаг. И лаг дегIах дIахотталучохь мокхачу месийн кач бу. Горга ю цуьнан зIакартIера мерIуьргаш.
- Яхар ламанца а, ламанан лахенца а ду. Iер цхьана меттехь а, дIай-схьай кхалхарца а ду. Дукха йац и аьрзош. Йелла бежна, я говр йолчохь цхьакIеззиг цхьана кхета уьш. Баннаш ламанан даккъашкахь до цара. ХIоа цхьаъ до март баттахь. Ижо лоху вуно лакхара охьа а хьоьжуш, тIам ца ластош, хIаваэхь го а туьйсуш. Церан коьрта даар йеллачу хIуманан дилх ду. Цундела "декъий дуург" олу цунах. КIезиг уьш хиларна ларо хьакъ долуш ю и аьрзу.
Доца факташ Ӏаьржа аьрзу, Ӏилманан классификаци ...
Ӏаьржа аьрзу |
---|
|
Тайпа: | Aegypius (Aegypius Savigny, 1809) |
|
Aegypius monachus Linnaeus, 1766 |
|
Кхераме хьолан уллохь юIUCN 3.1 Near Threatened : / 22695231 |
|
ДӀачӀагӀа