ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара болам
From Wikipedia, the free encyclopedia
ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара болам (кхин а бевза Дуьненайукъара ЦӀен ЖӀар йа Дуьненайукъара ЦӀен Бутт аьлла) — дуьненайукъара гуманитаран болам, кхоьллина 1863 шарахь, цхьанатуху дуьненахь 100 миллион сов белхалой а, волонтераш а.
Доца факташ ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара болам, Административан центр ...
ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара болам | |
---|---|
Административан центр | |
Организацин тайпа | международная негосударственная организация[d], агентство по оказанию помощи[d] |
Кхоьллар | |
Кхоьллина терахь | 1863 шеран 17 февраль[1] |
Белхалойн барам |
|
СовгӀаташ | |
icrc.org(ингалс.) ifrc.org(ингалс.) |
|
Медиафайлаш Викилармехь |
ДӀачӀагӀа
Боламо «Цхьан а къестамаш а боцуш массо а халонехь волчунна гӀодар, иза бахьнехь Дуьненан тӀехь машар хӀотторхьама» шен коьрта Ӏалашо лору[2].
Дуьненайукъара ЦӀен ЖӀаран коьрта дакъош:
- ЦӀен ЖӀаран дуьненайукъара комитет (ЦӀЖДК).
- ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а йукъараллин дуьненайукъара федераци[en] (ЦӀЖ а, ЦӀБ а ЮДЮФ) (инг. International Federation of Red Cross and Red Crescent Societies (IFRC)).
- ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а къаьмнийн йукъараллаш.
Боламан куьйгаллин меженаш:
- ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан дуьненайукъара конференци — хуьлу 4 шарахь цкъа. Цигахь къаьмнийн йукъараллин вовшехкхетарш хуьлу Женеван Конвенцин пачхьалкхийн-декъашхойн векалшца.
- Векалийн Кхеташо — Кхеташо вовшахкхетарш хуьлу 2 шарахь цкъа.
- Даиман йолу комисси — йу Дуьненайукъара конференцин векалйина меже Конференцешна йукъарчу муьрехь.