Футболех ловзарех Российн чемпионат 2018/2019
From Wikipedia, the free encyclopedia
Футболех ловзарех Российн чемпионат 2018/2019 — Российн футболан лигийн системан лакхарчу дивизионан чоьтехь 27-гӀа шо ду. «Гуьйре—бӀаьсте» системехь дӀахьо Российн чемпионатан 7-гӀа шо ду. Чемпионийн титул ларйира москохан «Локомотиво», турнир чекхъяла 3 тур йисинчу хенахь чемпион хилира петарбухан «Зенит» (5-за).
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Футболех ловзарех Российн чемпионат 2018/2019 | |
---|---|
ДӀаяхьаран хан | 2018 28 июлехь — 2019 26 майхь |
Терахь декъашхойн | 16 |
ГӀаланаш | 13 |
Стадионаш | 16 |
Официалан сайт | rfpl.org |
СовгӀатан меттигаш | |
Толамхо | Зенит (Петарбух) (5-за) |
ШолгӀа меттиг | Локомотив (Москох) |
КхоалгӀа меттиг | Краснодар |
Дублан хӀоттам | ЦСКА (Москох) |
Турниран статистика | |
Левзина матчаш | 240 |
Чутоьхна голаш | 542 (2,26 ловзарехь) |
Бомбардир(аш) | Чалов Фёдор (15 мячей) |
Уггаре дика ловзархо | Дзюба Артем |
Берриг хьовсархой | 4 036 196 (16 817 ловзарехь) |
← 2017/18 2019/20 → |
Футболех ловзарех Российн чемпионатан рогӀера хьалхеяккхар йолаелира 2018 шеран 28 июлехь, футболех ловзарех дуьненан чемпионат 2018 чекхйаьлла ши кӀира даьллачул тӀаьхьа, ткъа чекхъелира 2019 шеран 26 майхь[1]. Оцу шарахь дуьйна, 2005 шерера дуьйна дуьххьара, чемпионатан официалан титулан спонсор вац (цул хьалха иза вара Росгосстрах)[2]. Цул сов, турниро лелайо шен керла цӀе — РПЛ (Российн Премьер-Лига). Хьалхара цӀе — РФПЛ (Российн футболан премьер-лига).