Ферми, Энрико
From Wikipedia, the free encyclopedia
Энри́ко Фе́рми (итал. Enrico Fermi; 1901 шеран 29 сентябрь, Рум — 1954 шеран 28 ноябрь, Чикаго) — гӀарвелла италийн а, америкин а физик-теоретик а, экспериментатор а. Цо доккха дакъа лецна таханлера физика кхуллуш. Иза ву квантан физикин бухбиллинчарах цхьаъ. 1938 шарахь цунна делла Физикин Нобелин совгӀат[1]. 1939 шарахь иза эмиграцийн вахара АЦШ. Деи Линчеи Халкъан академин декъашхо (1935 шо), кхоьчу пачхьалкхара АН СССР член-корреспондент (1929 шо). Цо кхоьллина бета-распадан теори а, нейтронаш меллиш йаларан теори а. 1939 шарахь цо йукъайаьккхира цепной реакци кхетам. Кхоно цо дакъалецира атоман проектехь.
Энрико Ферми | |
---|---|
Enrico Fermi | |
ГӀуллакхан тайпа | физика |
Вина терахь | 1901 шеран 29 сентябрь({{padleft:1901|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:29|2|0}}) |
Вина меттиг | Рум, Итали |
Кхелхина терахь | 1954 шеран 28 ноябрь({{padleft:1954|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:28|2|0}}) (53 шо) |
Кхелхина меттиг | Чикаго, Иллинойс, АЦШ |
Гражданалла | Итали, АЦШ |
Да | Альберто Ферми |
Нана | Ида де Гаттис |
Зуда | Лаура Капон |
Бераш |
|
СовгӀаташ |
Физикин Нобелин совгӀат (1938 шо) |
Куьг таӀор | |
Энрико Ферми Викилармехь |
Цуьна цӀе тиллина Ферми — Диракан дӀасадекъаран а, Томас — Ферми моделан а, фермий химин элементан а, и. к. д.