ТӀуьна тропикийн хьаннаш
From Wikipedia, the free encyclopedia
ТӀуьна тропикин хьун, Тропикан догӀанан хьун, Гиле́я — экваторан, субэкваторан (Хийцалуш-тӀуьна тропикийн хьаннаш), тропикан кӀошташкара тӀуьна климатера (2000—7000 мм йочанаш шарахь) биом, хьун. Уьш тропикийн хьаннех а, догӀанан хьаннех а уггар яьржина хьаннаш ю. ТӀуьна тропикийн хьаннашкахь дукха биокепаш ю. Иза дахаран дика Ӏаламан зона ю. Кхузахь ю дукха шайн, царна йукъахь эндемин кепара дийнаташ а, ораматаш а, ткъа кхин а кхелха дийнаташ[1]. ТӀуьна тропикийн хьаннашкахь еха кхааннах ши дакъа дуьненара дийнаташ а, ораматаш а. Хила тарло, миллионашкахь кепара дийнаташ а, ораматаш а хӀинца теллина а йоцу.
ТӀуьна тропикийн хьаннашкахь лахарчу могӀанехь ца тоьа малхан серло, цуо новкъарло йо коьллаш яларан. Оцу хьоло адамна а, дийнатан а хьуьнхахь лела аьтту бо. Нагахь цхьана бахьанца гӀашшан рагӀу ца хилахь я гӀийла хилахь, лахара могӀанехь чехка юькъа, лела халадолуш лианин, коллийн, кегийрачу диттийн къух долу — цунах джунгляш олу.