ССРС коллективизаци
From Wikipedia, the free encyclopedia
Коллективиза́ци (— шеш болу бахамаш коллективашка (колхозашка а, совхозашка а) цхьаьнатохаран политика[1])[2]. Лелийна ССРС 1928 - 1937 шерийн муьрехь (Мехкан малхбуза агӀора – 1950 шо кхаччалц), Ӏалашо хилла кегийра долара бахамех баккхий йукъараллин кооперативан бахамаш а бина, сурсаташ схьадаха атта хилийта, церан[3][4][5][6][7] чоьтах промышленность айбар — индустриализаци яр[8][9][10][11][12][13]. Бина кооперативан бахамаша аьтту бира белхан ницкъаш дехьабаха а, аграрийн декъера сурсаташ индустрихь дӀасадекъа а. Оцу политико боцучу муьран сацийра ССРС промышленность ца кхуьуш латтар, амма хьал уггаре чӀагӀделлачу хенахь, ткъа чӀагӀдира бепиг кечдаро а, байталбохур бу бохуш нах нуьцкъала колхозаш йукъабохкаро[14][15] а, йуьрт а, гӀала а мацалле кхачийра[14][16][17][18][19], упадку производства[16][20], ца лечкъаш герзашца дуьхьало йолийра ахархоша[21][22][23][24][25][26][27], тӀаккха юхаерзийра царна йохк-иэцаран бакъонаш,[28] долара бахамаш лело[29][30][31][32], килсанца йолу йукъаметтиг кӀадйира.[33]
Коллективизацин сацам тӀеийцира ВКП(б) XV гуламехь 1927 шарахь. ССРС дӀаяьхьира 1928—1937 шерашкахь; коьрта мур 1929—1930 ш.ш.[12]— массанхьара коллективизаци. Малхбуза Украинехь, Малхбуза Белоруссехь, Молдавехь, Эстонехь, Латвехь, Литваахь коллективизаци йира уьш ССРС схьатоьхначул тӀаьхьа, чекхъяьккира 1949—1950 ш.ш. ТӀаьхьа малхбален европин мехкаш коллективизацеш йохош, юхабирзира латтан дакъош долахь хиларе[34][35][36].