Путин, Владимир Владимирович
российн Федерацин Президент / From Wikipedia, the free encyclopedia
Пу́тин Влади́мир Влади́мирович (вина 1952 7 октябрь, Ленинград, ССРС) — российн пачхьалкхан а, политикин а гӀуллакххо, 2012 шеран 7 майхь дуьйна волу Российн Федерацин президент а, Российн Федерацин ТӀеман ницкъийн лакхара коьрта баьчча а[15].
Путин Владимир Владимирович | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
оьрс. Владимир Владимирович Путин | |||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Медведев Дмитрий | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Ельцин Борис | ||||||
Когаметтаниг | Медведев Дмитрий | ||||||
|
|||||||
Президент | Медведев Дмитрий | ||||||
Хьалха хилларг | Зубков Виктор[1] | ||||||
Когаметтаниг | Виктор Зубков Медведев Дмитрий |
||||||
|
|||||||
Президент | Ельцин Борис иза ша |
||||||
Хьалха хилларг | Степашин Сергей | ||||||
Когаметтаниг | Касьянов Михаил | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Зубков Виктор | ||||||
Когаметтаниг | Медведев Дмитрий | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Грызлов Борис | ||||||
Когаметтаниг | Медведев Дмитрий | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Атамбаев Алмазбек | ||||||
Когаметтаниг | Рахмон ЭмомӀали | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Кучма Леонид | ||||||
Когаметтаниг | Назарбаев Нурсултан | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Борис Ельцин | ||||||
Когаметтаниг | Леонид Кучма | ||||||
|
|||||||
Президент | Ельцин Борис | ||||||
Хьалха хилларг | Бордюжа Николай | ||||||
Когаметтаниг | Иванов Сергей | ||||||
|
|||||||
Президент | Ельцин Борис | ||||||
Хьалха хилларг | Ковалёв Николай | ||||||
Когаметтаниг | Патрушев Николай | ||||||
Дин | керста[2] | ||||||
Вина терахь | 1952 шеран 7 октябрь({{padleft:1952|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:7|2|0}})[3][4][…] (71 шо) | ||||||
Вина меттиг | Ленинград, ССРС | ||||||
Тайпа | Семья Владимира Путина[d] | ||||||
Да | Путин Владимир Спиридонович | ||||||
Нана | Шеломова Мария Ивановна | ||||||
Зуда | Путина (Шкребнева) Людмила (1983—2013)[5] | ||||||
Бераш |
йоӀрий: Мария (йина 1985) Катерина (йина 1986)[6] |
||||||
Парти |
ССКП (1991 шеран август кхаччалц) Тхан цӀа — Росси (1995) «Йукъара Российн» председатель, цу тӀе партин декъахо а вац (2008—2012) |
||||||
Дешар |
Ленинградан пачхьалкхан университет ССРС ПКхК Лакхара ишкол ССРС ПКхК ЦӀен байракхан институт |
||||||
ГӀуллакхалла | Политика[7], таллар[d], тӀеман гӀуллакх, юриспруденция[d][8] | ||||||
Динлелор | православи[9][10] | ||||||
Автограф | |||||||
СовгӀаташ | |||||||
Сайт | kremlin.ru (президент.рф) | ||||||
Пачхьалкх |
ССРС→ Росси |
||||||
Эскаран тайпа | KGB[d], Российн Федерацин Федералан кхерамзаллин гӀуллакх[d] | ||||||
ЦӀе | Мукъаваьккхина эпсар[d], Российн Федерацин боккъала волу пачхьалкхан 1 классан хьехамча[d], подполковник[d] | ||||||
Буьйр дар | Российн Федерацин ТӀеман Ницкъаш[d], Российн федерацин ТIеман Ницкъийн Лакхара Коьртабаьчча[d] | ||||||
Латар | |||||||
Болхбаран меттиг | |||||||
Медиафайлаш Викилармехь |
Хьалха а лаьттина президентан даржехь 1999 шеран 31 декабрера 2008 шеран 7 май кхаччалц, 1999—2000 а, 2008—2012 шерашкахь лаьттина Российн правительствон председатель.
Чекхйаьккхина Ленинградан пачхьалкхан университетан (ЛПУ) юридически факультет. 1977 шарахь дуьйна болх бина контрталламан агӀора ПКхК Ленинградан урхаллера талламан декъехь. 1985 - 1990 шерашкахь гӀуллакхехь хилла советийн арахьара талламан резидентурехь ГДРехь, болх бина Дрезденехь ССРС — ГДР доттагӀаллин цӀийнан директоран даржехь къайлаваьлла. Ленинграде цӀавирзича болх бина ЛПУ ректоран дуьненайукъара гӀуллакхийн агӀора гӀоьнча, цул тӀаьхьа Ленинградан гӀалин совета председателан Собчак Анатолийн хьехамча. 1991 шеран 20 августехь подполковник волуш ССРС ПКхК мукъаваьлла.
1991—1996 шерашкахь Петарбухан мэри дехьаваьлла болх бира Собчакан куьйгакӀела: куьйгалла дира Арахьара уьйранийн комитетан, хилира мэран хьехамча, цул тӀаьхьа хьалхара гӀовс. 1996 шеран августехь болх бан волавелира Москохахь РФ Президентан гӀуллакхийн урхаллин гӀовсан даржехь. КӀеззиг РФ Федералан кхерамзаллин гӀуллакхан куьйгалхочун а, Кхерамзаллин Советан секретаран даржехь лаьттина 1999 шеран августехь хӀоттийра правительствон председатель.
Пачхьалкхан хьалхара йуьхь хилира 1999 шеран 31 декабрехь, оцу хенахь Российн президентан Ельцин Борисан сацамца хӀоттийра РФ президентан декхарш кхочушдийриг — Российн хьалхара президента дарж мукъадаккхар бахьнехь. Российн президент дуьххьара хаьржина 2000 шеран 26 мартехь. Пачхьалкхан коьртан дарже йухахаьржира 2004, 2012, 2018 шерашкахь. 2012 шеран харжамел хьалха президентийн бакъонийн хан тӀетуьйхира 4 шеран тӀера 6 шере кхаччалц.
Российн Федерацин Конституцин хийцамаш лелабевлча бакъо хилира дакъа лаца керлачу президентан харжамашкахь 2024 шеран мартехь.
Мукъа ваьккхина полковник (1999). Российн Федерацин бакъболу пачхьалкхан 1 классан хьехамча (1997)[16]. Экономикин Ӏилманийн кандидат (1997). Самбо (1973) а, дзюдо (1975) а латарехь спортан говзанча[17], дзюдох латарехь Ленинградан чемпион (1976)[18][19], самбох латарехь Российн хьакъ долу тренер (1998)[20][21]. Дика буьйцу немцойн мотт[22][23].