Пляжан футбол
From Wikipedia, the free encyclopedia
Пляжан футбол (инг. beach soccer) — ламастан футболах ловзаран бакъонаш тӀехь кхоьллина спортан тайпа. Къийсамаш дӀахьо гӀамарийн пляжашкахь, цигахь башха ладаме ду буьрка лелоран говзалла а, семса гӀум тӀехула сиха лелар а. Дуьххьара бакъонаш ша тайпа ян гӀоьртира 1992 шарахь иза кхоьллина Дерриг дуьненан пляжан футболан кхоллам. ДПФКх пляжан футболан турнираш ян йолаелира шен эгидехь.
Пляжан футбол | |
---|---|
Амал | |
Категори | буьрканах ловзар |
ГӀирс | буьрка |
ЦхьалгӀа къийсамаш | |
Дуьненан чемпионат | 2005 шо |
Дуьненайукъара федераци | |
ЦӀе | FIFA |
Кхуьнца йолу проекташ |
КӀеда а, ког чуоьху а гӀамро ловзархошка импровизацеш йойту, лелайойту хаза техникин приёмаш (масала, охьа а кхеташ шена тӀехула тохар — «тукаршца» я «бисиклеташца»). Ловзаран аренан компактан барамаша (28 х 37 метр) таро йо ловзархойн миччахьара а чутоха, шайн кевнашкара а туху. Матчехь дуьхьалара кевнака 60 сов буьрка туху (йоккхачу футболехь 20 сов туха). Гол туху хӀора 3-4 минот моссаза ели, ткъа юккъера чутуху буьрканийн барам 11 буьрка гергга бу (йоккха футболехь норма 2,5 гол ю).