Пачхьалкхан думин председатель
From Wikipedia, the free encyclopedia
Российн Федерацин Федералан гуламан Пачхьалкхан думин председатель — Российн Федерацин пачхьалкхан даржех лакхарчех цхьаъ .
Доца факташ Российн Федерацин Федералан гуламан Пачхьалкхан думин председатель, Куьйгалла дина ...
Российн Федерацин Федералан гуламан Пачхьалкхан думин председатель | |
---|---|
Куьйгалла дина | Российн Федерацин Федералан гуламан VIII кхайкхаман Пачхьалкхан думин |
Официальни резиденци | Пачхьалкхан думин гӀишло |
Пачхьалкхан думин фракцешца | |
Билгалдо | Пачхьалкхан думин депутаташа кхажтасарца шайна йукъара хоржу |
Бакъонийн хан | 5 шо |
ГӀуллакх гучудаьлла | 1994 шеран 14 январехь |
ГӀуллакх дуьххьара динарг | Рыбкин Иван Петрович |
ГӀуллакх тӀаьххьара динарг | Володин Вячеслав Викторович |
Мохк | Российн Федераци |
Сайт | http://duma.gov.ru/duma/chairman/ |
ДӀачӀагӀа
Дарже, Российн конституцин 101-гӀа йаззамца[1] а, Пачхьалкхан думин регламентца а, хоржу депутаташна йукъара бюллетенашца кандидаташна йукъахь къайлаха кхажтасарца, уьш йукъататта бакъо йу Пачхьалкхан думин фракцеш[2]; Думин сацам бан тарло кхаж биллина тасарехь.
Председателан йуьззина бакъонаш а, декхарш а дийцина ду регламентан 11-гӀа йаззамехь[3]; коьрта декхар — палатин хишарш дӀакхехьар.