Октябран революци
From Wikipedia, the free encyclopedia
Октя́бран револю́ция[2][3] (йуьззина официалан цӀе ССРС — «Сийлахь Октябран социалистистийн революци»[2]; кхин цӀераш, йаьржина даймехкан а, дозанал арахьара историографехь а: Октя́бран харцам[2], Большеви́кийн харцам, Октя́бран гӀаттам, «ЦӀен Октя́брь», «Сийлахь Октя́брь») — Россехь октябрехь хилла (1917 шарахь керлачу хатӀца — ноябрехь) социалистийн революци, цуьнан жамӀ хилира Ханна йолу правительство йожор, советийн Ӏедал хӀоттор, цуо хаъал Ӏаткъам бина кхин дӀайолу дерригдуьненан историн. Историографехь хьовсу цуьнга ша болучу историн хиламе санна йа Февралан революцин чаккхенга санна[2].
Октябран революци | |
---|---|
| |
Меттиг | |
Меттигаш | |
Терахь | 1917 25 октябрехь (7 ноябрехь) |
Бахьна | Хьажа Октябран революцел хьалхара истори |
Коьрта Ӏалашо | капитализм дӀайаккхар а, социалистийн хийцамаш бар[1] |
ЖамӀ |
Ханна йолу правительство |
Вовшахтохархо |
РСДБП(б) Советийн II Йерригроссийн гулам |
ДӀайахьаран ницкъаш |
Советийн пачхьалкхан Ӏедал дӀадаларан агӀончаш Большевикаш Аьрру эсераш Анархисташ |
МостагӀий |
Российн Хенан правительство нагӀончаш Монархисташ |
Кхелхина | Лаххара а 6 йа 7 стаг шинне а агӀора Ӏаьнан гӀала схьайоккхуш |
Чов йина | 50 стаг |
Лецна | Российн Хенан правительство |
Медиафайлаш Викилармехь |
Ханна йолу правительство йожийра герзашца болу гӀаттамехь 25—26 октябрехь (7—8 ноябрехь керлачу хатӀца) Петарбухехь[4], революци йина коьрта берш бара В. И. Ленин, Л. Д. Троцкий, Я. М. Свердлов, В. А. Антонов-Овсеенко, П. Е. Дыбенко, Лев Каменев, кхин берш а. Ӏедал дӀалаьцнарш бара Петроградан Кхеташон ТӀеман-революцин комитет, цунна йукъа богӀура иштта аьрру эсераш. Герзашца болу гӀаттам бахьнехь Ӏедале йеира правительство, кхоьллина Кхеташонан II Йерригроссийн гуламо, абсолютан алсама делегаташ цуьнан хилира большевикаш (РСДБП(б)) а, церан бартхой аьрру эсераш, царна гӀо лецира цхьацца къоман кхолламаша, кӀезиг дакъа меньшевикаш-интернационалисташ, цхьаболчу анархисташна. 1917 шеран ноябрехь керла правительствон гӀо лецира дукхах болчу Ахархойн депутатин Чолхе Гуламо. Оцу революцин йара гена йовлуш тӀаьхьенаш Российн хилла ца Ӏаш, амма дерриг дуьненна а.