Невски проспект
From Wikipedia, the free encyclopedia
Невски проспект (оьрсийн маттахь Невский проспект)- Оьрсийчоьнан федералан маьӀна долу Петарбух шахьаран коьрта урам бу. Ураман малхбалерачу агӀорхьара лаьтташ йолу Невски Александран Лавро йелла проспектан «Невски» цӀе. Ткъа ша лавра йина 1221—1263 шерашкахь ваьхна волу оьрсийн сийлахьчу элан Невски Александран безамна. Ураман шалза агӀонах наха «ӀиндагӀ долу aгӀo» олу, ткъа шала агӀонан цӀе «маьлхан агӀо» ю. И агӀо нах буьйлабелла лелаш меттиг ю. Адмиралтействон тӀера Невски Алексадран Лавран тӀе кхаччалц 4,5 км йохалла ю цуьнан.
Сийлахь меттиг | |
Невски проспект | |
---|---|
59°56′12″ къ. ш. 30°18′54″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | |
Лаьтта меттиг | Центральный район[d] |
Йиллина терахь | 1711 |
Статус | ОТӀО № 7802534000№ 7802534000 |
Медиафайлаш Викилармехь |
Санкт-Петербурхан историн декъе йукъайогӀуш ю проспект. Ураман хӀолламийн комплекс дуьненан мехалла а лоруш, ЮНЕСКО-н тептара язйина.
Дукха шахьаран историн сийлаллаш лаьтташ ю Невски проспектехь- Строганован ЦӀа а, йоккха Казанан килс а, модерн кепехь долу Книшкийн цӀа а, Елисеевски йохк-эцаран а, садаӀаран а туька а, Адмиралтейство а, Гостини Двор а, Оьрсийчоьнан къоман библиотека а, Александрински театр а, Н. П. Акимовн цӀарах йолу комедин театр а, Аничков цӀа а, Аничков тӀай а, Москван вокзал а, Невски Александран лавра а.
Ураман шалза агӀонах наха «ӀиндагӀ долу aгӀo» олу, ткъа шала агӀонан цӀе «маьлхан агӀо» ю. Маьлхан агӀо нах буьйлабелла лелаш меттиг ю.