КъБА рогӀера чемпионатан уггаре жамӀе ловзархой
From Wikipedia, the free encyclopedia
Къоман баскетболан ассоциацин уггаре жамӀе шеран баскетболхо лору уггаре бакхий цхьаьна ловзарера очкон йуккъера гайтамашца волу ловзархо. 1968/69 шо кхаччалц и совгӀат лора шарахь уггаре дукха очкох йаьхначу ловзархочунна[1]. 1979/80 шо кхаччалц кхаа очкон кхийсарш дан а дацара, уьш йукъа цайаьхна 1979 шарахь бен[2][3]. Квалификацех чекхвала ловзархочун лаххара 82 матчах 70 матчехь дакъалаца деза йа гулйан йеза 1400 очкол сов. И дозанаш йукъадаьхна 1974/75 шарахь, хуьйцура баскетболан шеран дохалле хьаьжжина[4].
Шарахь гулйина очкошца рекорд йу Чемберлен Уилтан, цуо 1961/62 шарахь гулйира 4029 очко. Оцу шарахь Уилта иштта хӀоттийра рекорд цхьаьна ловзарера очкон йуккъера барамца — 50,4[5]. Чемберленан кхин а йу рекорд гулйина очкон йуккъерачу барамца цхьаьна ловзарехь керлачу ловзархошна йукъахь, из ахӀоттийна 1959/60 шарахь — 37,6 очко ловзарехь. Тахана КъБАхь ловзучу ловзархошна йукъахь, шарахь йаьхначу очкошца (2832) а, шеран йуккъерачу очкон барамца а рекордаш (35,4) йу Брайант Кобин, иза цуо хӀоттийна 2005/06 шарахь.
Кхечарачул алсама и номинации йаьккхина Джордан Майкла — 10-за. Джордан а, Чемберлен а бен вац и номинации 7-за хьалхий тӀехьий йаьккхина[6]. Гервин Джорджа, Айверсон Аллена, Дюрант Кевина номинаци йаьккхина 4-за, Микан Джорджа, Джонстон Нила, Макаду Боба, Джеймс Хардена даьккхина и совгӀат кхузза. Шозза ассоциацин уггаре жамӀе ловзархо хилла Аризин Пол, Петтит Боб, Ӏабдул-Джаббар Карим, О’Нил Шакил, Макгрэди Трэйси, Брайант Коби, Уэстбрук Расселл, Стефен Карри. 1969/70 шарахь дуьйна, кхаа ловзархочо бен ца йаьккхина и номинации а, КъБА чемпионалла а цхьаьна шарахь: Ӏабдул-Джаббар Карим (иза левзина шен иман диллале хиллачу цӀарца Алсиндор Лью) 1971 шарахь «Милуоки Баксца», Джордан Майкл 1991 - 1993 шераш а, 1996 - 1998 шераш «Чикаго Буллзца», Шакил О’Нил 2000 шарахь «Лос-Анджелес Лейкерсца»[7]. О’Нил и титул йаьккхинчех цхьа ловзархо бен вац, цуо шен толаман шарахь кхо очко цкъан а ца кхоьссира (и очкош йукъайаьначул тӀаьхьа). И хӀонс йаьккхинчех Дюрант Кевин хилира уггаре къона ловзархо 21 шо 197 де[8]. Сийлахь титул карахь йерг ву «Хьюстон Рокетсан» турсло Харден Джеймс.
КъБА рогӀера чемпионатан уггаре жамӀе ловзархой