КъБА дерриг седарчийн матчан уггаре мехала ловзархо
From Wikipedia, the free encyclopedia
КъБА дерриг седарчийн матчан Брайант Кобин цӀарах уггаре мехала ловзархо[1] (инг. NBA All-Star Game Kobe Bryant Most Valuable Player) — КъБА дерриг седарчийн матчан уггаре мехала ловзархочун хӀора шарахь ло титул. ХӀора шеран совгӀат дала долийна 1953 шарахь. Оццу шарахь билгалбехира Дерриг седарчийн матчан хьалхарчу шина матчан уггаре дика баскетболхой — Маколи Эд (1951) а, Аризин Пол (1952)[2]. Кхаж тосу матчехь болу журналисташа а, комментаторша а. Титул ло максимум кхаьжнаш тесначу ловзархочун[3]. 1999 шарахь титул ца йелира, хӀунда аьлча Дерриг седарчийн матч КъБАхь локаут хилар бахьнехь ца хилира[4].
2009 шарахь Брайант Кобин а, О'Нил Шакилан а шайн карьерехь кхузлагӀа Дерриг седарчийн матчан MVP цӀе йелира, уьш цхьаьна могӀара хӀиттира сийлахь Джордан Майклца а, Робертсон Оскарца а. Титулийн барамца хьалха ву Петтит Боб а, Брайант Коби а, церан чоьтехь 4-зза Матчан уггаре мехала ловзархо къобал вар ду. Джеймс Леброна и совгӀат даьккхина кхузза. Коузи Боба, Ирвинг Джулиуса, Томас Айзеяс, Джонсон Мэджика, Мэлоун Карла, Айверсон Аллена, Уэстбрук Расселла, Дюрант Кевина совгӀат даьккхира хӀораммо шозза. Джеймса дуьххьара титул йаьккхира 21 шо долуш (2006 шарахь), цунах хилира и совгӀат делла уггаре къона ловзархо[5]. Титул йукъайаьллачу хенахь дуьйна, доьазза иза йийкъира шайна йукъахь шина ловзархочо — Бэйлор Элджина а, Петтит Боба а 1959 шарахь, Стоктон Джона а, Мэлоуна а 1993 шарахь, О’Нила а, Данкан Тима а 2000 шарахь, кхин а Брайанта а, О’Нила 2009 шарахь. О’Нил Шакил — шозза совгӀат кхечунца декъна цхьаъ бен воцу ловзархо ву. Командашна йукъахь титулийн барамца хьалха йу «Лос-Анджелес Лейкерс», оцу клубан ловзархоша совгӀат даьккхина 10-зза, ткъа «Бостон Селтикс» векалша — бархӀазза. Данкан Тим — титул йаьккхина АЦШн арахьа (Америкин Виргинин гӀайренаш) вина цхьаъ бен воцу ловзархо ву[6]. 2020 шарахь совгӀатан кхелхинчу Брайант Кобин цӀе йелира. Карара титул йерг ву Карри, Стефен.