Климат
From Wikipedia, the free encyclopedia
Кли́мат (шир.-желт. κλίμα (доланиг дожар κλίματος[1]) — товжар; (анан тӀехула маьлхан зӀаьнарш товжар дуьйцу) — хенан-хӀоттаман дуккха шерийн (масех иттаннаш шераш) раж. Хенан-хӀоттам, климатах къаьсташ — цхьайолу амалийн (температура, тӀуналла, атмосферин Ӏаткъам) цӀеххьана хӀутту хьал.
Готтачу маьӀнехь климато — локалан климато — карарчу меттиган амал ло цуьнан географин меттиге хьаьжжина.
Шуьйрачу маьӀнехь климато — глобалан климато — амал ло статистикин ансамблан хьолашна, цунна чухула йолу «атмосфера — гидросфера — латта — криосфера — биосфера» система масех итт шерашкахь[2]. Хенан-хӀоттам климатан барамах дӀатаӀар климат хийцайалар лара мегар дац, масала, чӀогӀа шийла Ӏа даро климат шелйалар ца гойту[1].
Дуьненан климатан хьелаш кхуллу коьрта глобалан геофизикин циклан процессаш йу йовхохьовзар, тӀуналлахьовзар, атмосферин йукъара циркуляци[1].
Ӏамайина а, классификаци йина ца Ӏа планетин масштабера климатна (макроклимат), кхин а Ӏамайо меттигера климат (мезоклимат) — йуьстича цхьатерра хьелаш долу кегийрачу меттигийн климат (хьуьнан климат, хӀордан бердан климат, эркан декъан климат, гӀалин йа гӀалин кӀоштан климат)[3] а, микроклимат а, цуо амал ло меттигера климатан чуьра кегийра дакъошна (хьуьнан ирзу)[4], цунна йукъахь чоьнийн микроклимат.
Климат Ӏамайо климатологи олучу Ӏилмано. Хьалхалера климат Ӏамайо палеоклиматологи олучу Ӏилмано[1].
Дуьне доцуш, «климат» кхетам кхечу стиглара тӀехь атмосфера йолу догӀмашна (планеташна а, церан спутникашна а, астероидашна а) а богӀуш хила тарло.