ДоӀах
From Wikipedia, the free encyclopedia
ДоӀах (лат. hepar, шир.-желт. ἧπαρ) — букъсурт долу дийнатийн арахьара секрецин дахаран ладаме йекхоъ, царна йукъахь адам а, доӀах лаьтта кийрахь (гайн чохь) оьзан бухахь, цуо кхочуш йо дукха тайп-тайпана физиологин функцеш. ДоӀах букъсурт долу дийнатийн уггаре йоккха йекхоъ йу.
ДоӀах Ӏамо медицинин Ӏилманах гепатологи олу, лоьрийн доӀахан цамгарийн дарбанчех — гепатолог олу, дукхаха дерг иза доӀахан цамгарш тӀехь говзанча волу гастроэнтеролог хуьлу. Российн лоьрийн говзаллаийн испискехь «гепатолог» говзалла йац[1].