Достоевски, Фёдор Михайлович
From Wikipedia, the free encyclopedia
Достое́вски Фёдор Миха́йлович (1821 шеран 30 октябрь [11 ноябрь], Москох, Российн импери — 1881 шеран 28 январь [9 февраль], Петарбух, Российн импери) — оьрсийн йаздархо, ойланча, философ а, публицист[7] а. 1877 шарахь дуьйна Петарбухан Ӏилманийн академи корреспондент-декъахо[8].
Достоевски Фёдор Михайлович | |
---|---|
Тиллина харц цӀерш: | Д.; Кузьма Прутковн доттагӀ; Зубоскал (Тархцерг); —ий, М.; Летописец; М-ий; Н. Н.; Пружинин, Зубоскалов, Белопяткин а, К° а [коллективан]; Ред.; Ф. Д.; N.N.[1] |
Вина терахь | 1821 шеран 30 октябрь (11 ноябрь)[2][3][…] |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь: | 1881 шеран 28 январь (9 февраль)[3][2][…] (59 шо) |
Кхелхина меттиг: | |
ГӀуллакхан тайпа: | |
Жигара шераш: | 1844—1880 |
Хьажам: | реализм |
Произведенин мотт: | оьрсийн |
Куьг: | |
fedordostoevsky.ru(оьр.) | |
#дӀасахьажор' Кеп:Карточка/Викисклад |
Йаздархочун хьалхара кхолламаша, масала повесть «Записки из Мёртвого дома» (Деллачу цӀа чуьра кехаташ), психологин прозин жанр йукъайаккхаран гӀо дира[9].
Веллачул тӀаьхьа Достоевски къобал вира оьрсийн литературин классик а, дуьненан маӀна долу уггаре дикачех цхьаъ романист а ву аьлла, лору персонализман хьалхара векал Россехь. Оьрсийн йаздархочун кхолларалло Ӏаткъам бира дуьненан литературин, масала Нобелан литературера совгӀатан лауреатийн цхьа могӀа кхоллараллин, философийн Ницше Фридрихан а, Сартр Жан-Полан а, ткъа кхин а экзистенциализм а, фрейдизм а когахӀоттаран[10].
Уггаре ладаме йаздархочун кхолламех йу «доккха пхеа жайнара» романаш. Романаш «Зулам а, таӀзар а», «ЦӀармат», «ШайтӀанаш», «Вежрий КарамазовгӀар» йукъатоьхна 2002 шеран Норвегин жайнин клубан 100 уггаре дика жайнашна. Дукхаха долу гӀарадевлла Достоевскин кхоллараш дуккха а экранан тӀедаьхна, театрехь сценаш хӀиттийна, балеташ а, операш а хӀиттийна.