Дитт
From Wikipedia, the free encyclopedia
Дитт (лат. árbor) — цхьаъ бен доцу гӀад дика хаалуш а долуш, даллалц лаьтташ а долуш, коьрта семан тӀехь даьржина (пальма доцург) а долуш, дукха дехачу дечиган ораматийн дахаран кеп[1][2][3].
ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа Дитт (маьӀнаш).
Дуьнен тӀехь 2015 шарахь хадийначу мехаца 3 триллион дитт ду; Россехь — 640 млрд дитт (хьалхара меттиг дуьнен тӀехь), Канадехь а, Бразилехь а — 300 млрд.шинхьа а. ХӀора шарахь диттийн барам дуьнен тӀехь 15 млрд гергга охьаболуш бу, цуьнан бахьан хьаннаш хьакхар ду, кхин а климат хийцаялар а ду[4].