Даудан Хожахьмадан Мохьмад
From Wikipedia, the free encyclopedia
Даудан Хожахьмадан Мохьмад (вина 1980 шеран 26 февраль, Шпаковски, ССРС, РСФСР, Ставрополан мохк) — Россин бӀаьхьаллин а, политикин а гӀуллакххо, нохчо. (2010—2012) Нохчийн Республикин Правительствон Пердседателан нуьцкъалчу блокехула хьалхара заместитель, (2011—2015) Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо, (2015—2016) Нохчийн Республикин III-чу гуламан, (2016 шарахь дуьйна) IV-чу гуламан Парламентан Председатель.
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Даудан Хожахьмадан Мохьмад | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
оьрс. Магомед Хожахмедович Даудов | |||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Д. Б. Абдурахманов | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | М. С. Селимханов | ||||||
Когаметтаниг | И. В. Кадыров | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Х. Х. Вайханов | ||||||
Когаметтаниг | И. А. Тумхаджиев | ||||||
Дин | суннизм | ||||||
Вина терахь | 1980 шеран 26 февраль({{padleft:1980|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:26|2|0}}) (44 шо) | ||||||
Вина меттиг | э. Шпаковски[~ 1], Шпакан кӀошт,Ставрополан мохк, РСФСР, СССР | ||||||
Да | Хожахмед Абдулвахабович | ||||||
Нана | Макка Увайсовна | ||||||
Зуда | Асет Мовлаевна | ||||||
Бераш |
10 бер ду кӀентий: Ӏумар а, Рамзан а, Мовлди а, Абубакар а, Мохьмад-Юсуп а, Ӏусман а йоьӀарий: Линда а, Иман а, Макка а, Медни а |
||||||
Парти | |||||||
Дешар | Финансийн а, бакъонан а Махачкалан институт; Россин МВД урхаллин академи | ||||||
Корматалла | юрист | ||||||
Динлелор | ислам (суннизм) | ||||||
Автограф | |||||||
СовгӀаташ | |||||||
Сайт | parlamentchr.ru | ||||||
ТӀеман гӀуллакх | |||||||
ГӀуллакхан шераш | 2000—2010 | ||||||
Пачхьалкх | Росси | ||||||
Эскаран тайпа | МВД | ||||||
ЦӀе |
полицин полковник |
||||||
Буьйр дар | взвод, рота, батальон, РОВД | ||||||
Медиафайлаш Викилармехь |
Нохчийн хьалхарчу тӀамехь дакъалаьцна федералан эскаршна дуьхьал дӀабаьхьначу тӀемашкахь, Нохчийн шолгӀачу тӀеман йуьххьехь Россин правительствон агӀонехьа ваьлла. (2002—2004) болх бина А.Хь.Ӏ.Кадыровн кхерамазаллин службехь, (2004—2005) Нохчийн Республикин МВД-н Шелан РОВД-хь ротина, цул тӀаьхьа милицин лерринчу хьаштийн батальонна куьйгалла дина, (2006—2007) республикин ОМОН-н штабан хьаькам, (2007—2010) Шелан РОВД-н хьаькам.
ЦхьамогӀа журналисташна хетарехь, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Р. А. Кадыров ца лерича, шен Ӏаткъамца Нохчийн Республикехь шолгӀа стаг ву, Нохчийн Республикин Куьйгалхочуна йуххерчеран гуонехь ву, кест-кеста цуьнан леррина тӀедахкарш кхочушдеш ву. Официалан СМИ-ша цуьнан кхиамех лору Россин пачхьалкхалла чӀагӀйарна тӀехьовсийна долу гӀуллакхаш а, терроризмана дуьхьал дӀахьочу къийсамна йукъайиллина ладаме хазна а. Оппозицин СМИ-шкахь хьахаво Нохчийн Республикера бахархой а, иштта Р. А. Кадыровна критикаш а республикин дозанал арахьа кхерорца йоьзначу цхьайолчу девнечу (исторешкахь) хиламашкахь. Полицин полковник, «Единая Россия» партин регионан политикин советан Президиуман декъашхо. Дуккха а совгӀаташ дина. Царна йукъахь (2005, 2006) шиъ Стогаллин орден йу, Нохчийн Республикин лаккхара совгӀат (2006) — Кадыровн орден йу, (2007) «Нохчийн Республикин сийлаллин вахархо» цӀе тиллина, (2017) «Соьлжа-ГӀалин сийлаллин вахархо» цӀе тиллина, (2007) белхан декхарш кхочушдарехь стогалла а, турпалалла а гайтарна Россин Федерацин Турпалхо цӀе тиллина.