ГӀум
From Wikipedia, the free encyclopedia
ГӀум — семса охьахиина ломан порода, ткъа кхин а ломан породан буьртигех адамо йина материал. Дукха хьолахь лаьтта дикка цӀена кварцан минералах (хӀума — мркхазан диоксид). «ГӀум» дош дукха хьолахь дукхаллин терхьехь лнладо («гӀамарш»), амма дукхаллин терхьан кепан ду кхин маьӀнаш. Ӏаламан гӀум ю семса иэдина буьртигаш, кхоллаелла онда ломан породаш йохар бахьнех, барам 0,16—5 мм, йозаллин барам цхьаьна гӀамар буьртиган хийцало миллиграмман иттолгӀа декъа тӀиера масех микрограмм кхаччалц. Гулъяларан хьолашца хуьлу аллювийн, делювийн, хӀордан, Ӏаьмнийн, эолан. Хин чохь кхоллаелла гӀамарш гоьрга буьртиг болуш хуьлу.
ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа ГӀум (маьӀнаш).