Гражданийн жигаралла
From Wikipedia, the free encyclopedia
Гражданийн жигаралла — пачхьалкхан Ӏедалера а доцуш, гражданино шен лаамца шен пачхьалкхехь иза я важа хийцамаш бархьама хьажийна белхаш. РФ Конституцин 31 статьяца, Российн Федерацин гражданийн бакъо ю машаре, герз доцуш, гуламаш, митингаш, гайтамаш, леларш дан, пикеташ хӀитто. Жигаралла гойту тайп-тайпанчу кепара, масала: реза ца хиларан кехат, пикеташ хӀиттор, леларш, гайтамаш, болх сацабар, кхача ца баар, хевшина гайтамаш, кхин дӀа а.[1]