Газет
From Wikipedia, the free encyclopedia
Газет — даиман йолу цӀарца баттахь цкъа мукъане арадолуш долу зорбанан муьран арахецар. Газетан васт лоруш ду шира, куьйга йаздина керланаш дуьйцу йозанаш. Цезарь Юлий волавелира «Сенато динарш» а, тӀехьа «Халкъан йукъараллин хӀора дийнан гӀуллакхаш» зорбане даккха. Руман газеташ дара тӀехь хаамаш йаздина поппаран уьнан цуьргаш. 911 шарахь герга Цийхь арахеца долира «Цзинь бао» («Коьрта шахьаран хаамаш») цӀе йолу газет. «Газет» цӀе схьайаьлла италийн газетта (итал. gazzetta) цӀе йолчу жимачу нахартийн цӀарах. XVI бӀешарахь хӀора дийнахь арахоьцу хаамаш (хаамаш бара паччахьан гуонахьарчеран дахарх, йохк-эцаран керлачех, кхечу гӀаланашкара керлачех) тӀехь болу кехат доьшург лора цхьа газетта. Оцу ахчан цӀе йогӀу цун тӀехь хилла къорза къиган суьртах (итал. gazza). Советан ГОСТашца, газет — «билгалчу форматан, цхьана йа масийтта кехатах лаьтта зорбанан материал йу, арахецархоша цхьаьна муьран арахецаран спецификан кечйина йолу»[1].