Бутан
From Wikipedia, the free encyclopedia
Бута́н паччахьа́лла (дзонг-кэ འབྲུག་ཡུལ་, Вайли ʼbrug-yul, лат. zhuk yü ладогӀа (хаам)) — Къилба Азин пачхьалкх, лаьтта ХӀиндин а, Цийчоьнан а йукъахь. Коьрта шахьар — Тхимпху гӀала. Шеш шайха олу — Друк-Юл — «Саьрмакан мохк»[7].
Бутан паччахьалла | |||||
---|---|---|---|---|---|
འབྲུག་ཡུལ་ Druk Yul | |||||
| |||||
Бутанан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли | |||||
Кхоьллина | 17 декабрь 1907 шо17 декабрь 1907 шо | ||||
Официалан мотт | дзонг-кэ | ||||
Коьрта гӀала | Тхимпху | ||||
Йаккхий гӀаланаш | Тхимпху | ||||
Урхаллин тайпа | конституцин монархи[1] | ||||
Паччахь Премьер-министр |
Джигме Кхесар Намгьял Вангчук Церинг Лотай |
||||
Пачхь. дин | Буддизм (Друкпа Кагью) | ||||
Латта | |||||
• Шадерг | 38 394 км² (135-гӀа дуьненахь) | ||||
• % хина тӀехле | <1 % | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор (2016) | 750 125 (июль 2016, мах хадор)[2] стаг | ||||
• Ларар (2005) | 696 183[3] стаг | ||||
ДЧС | |||||
• Шадерг (2012) | 4,646 млрд[4] долл. (160-гӀа) | ||||
• ХӀораннан а сина | 6 112[4] долл. | ||||
АДКИ (2018) | 0,612[5] (йукъара; 134-гӀа меттиг) | ||||
Ахча | Нгултрум (BTN, код 64) (INR, код 356) | ||||
Интернет-домен | .bt | ||||
Код ISO | BT | ||||
Код МОК | BHU | ||||
Телефонан код | +975 | ||||
Сахьтан аса | UTC+6 (BTT) | ||||
Автомобилийн некъаш | аьрру[d][6] | ||||
Медиафайлаш Викилармехь |
Бутан — кхин а историн цӀе йу луларчу ХӀиндин Малхбузен Бенгалин штатан центр Калимпонгехь йолчу мехкан. И мохк схьабаьккхина ингалсаша Бутанегара XIX бӀешарахь дуккха а девнаш хиларца.
Цхьаьна версица, «Бутан» цӀе схьайолу Бху-Уттан (Bhu-Uttan) дешах, санскритера гочдича маьӀна хуьлу «лекха лаьмнаш» йа «ломан мохк». Кхечу версица, цӀе схьайолу Бхот-Ант (Bhots-ant) дешах, цуьнан маьӀна «Тибетан йист» йа «Тибетан къилбе». Къилбаседа агӀора Бутан паччахьаллин доза ду Цийчоьнца, малхбузехь — ХӀиндин штатаца Сиккимца (1975 шо кхаччалц маьрша паччахьалла йара), малхбалехь — штатаца Аруначал-Прадешца, къилбехь — штатаца Ассамца, цигахь дукха шерашкахь боьдуш бу гражданийн тӀом, къилба-малхбузехь — Малхбузен Бенгалица.