Британийн импери
From Wikipedia, the free encyclopedia
Британин импери (инг. British Empire) — метрополи коьртехь йолу колонийн импери, цуьнан долахь дара адамаллин исторехь хьалха хилла долу уггаре дукха латта колонешца пхеа нах беха континент тӀехь (нагахь Монголин империн бакъ йолу майда ларахь). Уггаре йоккха майда империн йара 1919 шо кхачале, оцу хенахь Цхьаьнатоьхна Паччахьалло урхалла дора даьржина 31 878 965 км² латтанашна [1](Цунна йукъахь дац 8,1 млн км² къобал йанза а, де-факто терго йеш доцу мехкаш Антарктикехь, царна хӀокху дийне кхаччалц претендент йу Йоккха Британи а, цуьнан хилла доминионаш а: Австрали а, Керла Зеланди а), иза ду 22% гергга латта. Империн бахархойн дерриг дакъа 480 млн стаг ву (доьлгӀа дакъа бахархойх). Нисса Pax Britannica тӀаьхьено кхетайо ингалсан меттан роль, дуьненахь уггаре баьржина политики, спортан, музыкин, транспортан, махлелоран кхачнехь[3][4][5].
Историн пачхьалкх | |||||
Британин импери | |||||
---|---|---|---|---|---|
инг. British Empire | |||||
|
|||||
Коьрта гӀала | Лондон | ||||
Мотт (меттанаш) | ингалсан | ||||
Официалан мотт | Ингалсан мотт | ||||
Ахча | стерлингийн фунт | ||||
Майда |
36 190 000 км² (1920), 31 878 965 км² (1913)[1] |
||||
Бахархой |
480 000 000 ст. (24 % Дуьненан бахархойх 1922 шеранна) |
||||
Урхаллин тайпа | конституцин монархи[2] | ||||
Медиафайлаш Викилармехь |
Британин империн истори таханлера де кхаччалц йоккха роль ловзош йу Америкин Цхьанатоьхна Штатийн, Канадин, ХӀиндин, Австралин, Керла Зеландин, Сингапуран, Ирландин, Германин, Францин, дуккха а кхин болчеран дахарехь[6].