Ма-дарра бесбесарг, йа баьццара бесбесарг, йа деккъа бесбесарг[1], йа сийна цӀирцӀирхьоза[2] (лат. Cyanistes caeruleus), — Европера, Малхбузен Азера, Къилбаседа-Малхбузен Африкера субтропикин, барамера, субарктикин асанашкахь къегина-можа месаш йолуш, шуьйра даьржина жима цӀирцӀирхьоза. Ӏаламехь деха, дукхаха дерг, гӀаш долу а, ийна а хьаннашкахь, алсама ножан а, кӀайчу докхан а. Дика доьлла культивацин ландшафтийн хьелашка, кӀезиг ца деха бошмашкахь, паркашкахь, сих-сиха ган тарло гуйнашна гергахь. Малхбузен Европехь дукха хуьлу гӀалахь дехарш а. Кхера а ца луш адам дикка герга тӀедуьту.
Доца факташ Бесбесарг, Ӏилманан классификаци ...
ДӀачӀагӀа
Дебачу шеран заманахь дуу деккъа дийнатийн докъар — сагалматаш а, гезгаш а. Гурахь а, Ӏай а дааран декъехь хуьлу хуш а, кхин ораматийн кхача а. Бен бо диттийн харанашкахь, лаамца тӀеоьцу адамо дина бенаш.