Беринг, Витус Ионассен
From Wikipedia, the free encyclopedia
Бе́ринг Ви́тус Ионассен , кхин а Беринг Иван Иванович (дат. Vitus Jonassen Bering; 1681 шеран 12 августехь(16810812), Хорсенсехь, Дани — 1741 8 (19) декабрь[1], Беринган гӀайренан тӀехь, Российн импери) — российн хӀордахо, российн флотан, эпсар капитан-командор. Схьавалар Данера.
Беринг Витус | |
---|---|
Vitus Bering | |
Бакъ цӀе | дат. Vitus Jonassen Bering |
ГӀуллакхан тайпа | хӀордахо, оьрсийн флотан эпсар |
Вина терахь | 1681 шеран 12 август({{padleft:1681|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:12|2|0}}) |
Вина меттиг | Хорсенс Дани |
Кхелхина терахь | 1741 шеран 19 декабрь({{padleft:1741|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:19|2|0}}) (60 шо) |
Кхелхина меттиг | Беринган гӀайре, Российн импери |
Да | Свендсен Ионас |
Нана | Беринг Анна Педердаттер |
Зуда | Пюльзе Анна Кристина |
Беринг Витус Викилармехь |
1725—1730 а, 1733—1741 шерашкахь куьйгаллехь вара Хьалхара а, ШолгӀа а Камчаткин экспедицешкахь. Чекхвелира Чукоткин а, Аляскин а йукъарчу хидоькъен чухула (тӀаьхьа Беринган хидоькъе), кхаьчна Къилбаседа Америке, карийна Алеутийн раьгӀнийн цхьа могӀа гӀайренаш.
Беринган цӀе тиллина гӀайренан, Тийна океанан къилбаседехьара хидоькъен а, хӀордан а, кхин а Командоран гӀайренашна. Археологехь Сибрехан а, Чукоткин а, Аляскин а къилбаседа-малхбален декъах (хьалха лаьттан асано цхьанатоьхна лору хӀинца) дукха хьолехь олу йукъарчу терминца Беринги.